«Нохчийн Республикин истори а, журналистика» программица рогӀера лекцеш дӀайаьхьна.


Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшо нохчийн журналисташца «Нохчийн Республикин истори а, журналистика» программица рогӀера лекцеш дӀайаьхьна.

Курсаш лерина йара Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийначу Нохчийн къоман историн а, историн хӀолламийн а, архитектурин а, культурин тӀаьхьалонийн а шарна. Царна йукъадогӀуш теорин а, практикин а дешаран 32 сахьт дара.

Царна тоьшаллаш дӀадаларан цхьаьнакхетар ламасте дирзина ма-хиллара, къоман «Даймохк» газетан редакцехь дӀадаьхьна.

Дипломаш дӀадаларехь дакъалецира Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата а, Къоман «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара а, МинНацИнформан зорбанан а, интернет а изданешна мониторинг йаран отделан хьаькама Дадагов Вахас а, историка Хатуев Ислама а.