Нохчийн Республикехь 1517 маьждиг ду


Карарчу хенахь Нохчийн Республикехь деш ду 98 маьждиг. Царах 24 рузбанан маьждиг ду, 74 жамаIат маьждиг ду. Оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин  бусалбанийн динан урхаллехь. Цигахь билагадаьккхира вайн регионехь таханлерчу дийнахь гIуллакхдеш 1517 маьждиг хилар. Карарчу шарахь дина даьлла 18 маьждиг. Царах 7 рузбанан маьждиг ду, 11 жамаIатан маьждиг ду.

Цул сов, Нохчийчохь гIуллакхдеш 430 хьуьжар йу. Цигахь бусалба Iилма, Къуръан Iамош 43663 мутаIелам ву. Иштта, регионехь болх беш 9 хьафизийн ишкол йу. Цигахь АллахIан Сийлахь Калам дагахь Iамош 770 мутаIелам ву. Цуьнца цхьаьна Нохчийн Республикехь Делан гергарчу нехан 130 зерат ду.

Оцу бакъдолчу терахьаша бIаьрла тоьшалла до Нохчийчохь бусалба дин чIагIлуш хиларна, бусалбанаша бусалба дин Iамор, Iамал-Iибадат дар алсамдолуш хиларна.

Везачу АллахIа чIагIдойла вайн ийман, Ша реза волчу некъа тIе нисдойла вай!