Иштта дӀахьедар дина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана тахана Соьлжа-ГӀалахь ша дӀайаьхьначу кхеташонехь.
«Суна тӀе ца йаздеш дисина цхьа а лазар дац. Со сайна йогӀуш йолчу отпуске вахана вара. Европин а, Ӏамаркан а газеташа йаздора 18 де даьлла иза гуш воцуш бохуш. Мехк-Ден даржера со дӀаваккха луучаьрга ас дӀабоху — со халкъо хаьржина ву. Со Кадыров Рамзан ву, иза суна доккха дозалла а ду. Суна цкъа а дагадеана дац со Мехк-Да хилар, со Кадыров Рамзан хилар тоьаш ду суна», — аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас.