Лараме махкахой, тIекхочуш Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан вина де ду, Хьехархочун дуьненайукъара де ду, Соьлжа-ГIалин де ду, Нохчийн Республикин кегийрхойн де ду.
Цу денна лерина «Даймохк» газето, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна дIакхайкхабо Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан книгин цIарца «Нохчийчоь – Сан дай баьхна латта» аьлла болу болам. Йеша хIораммо а вайн маттахь. Йеша вайн Даймахках, Нохчийчоьнах, нохчийн маттах, исторех шайна хазахеташ йолу байт, дийцаран кийсак.
📢БОЛАМЕХЬ ДАКЪАЛАЦАР:
Нохчийн маттахь байт, йа йозанан кийсак йешар видео тӀе дӀайаздар;
Видео социальни сеташкарчу шайн агӀонашка хӀоттор;
«Даймохк» газетан агӀо билгалйар.