Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дӀакхайкхийна некъан боламан кхерамзаллина лерина къовсам.
«Баьццара тулгӀе» цӀе йолчу оцу къовсамехь дакъалоцуш хир бу нохчийн журналисташ.
ХӀокху беттан 27-гӀа де кхаччалц схьаоьцур бу цаьргара белхаш.
01.01.25 — 27.07.25 муьрехь зорбатоьхна а, арабевлла а, дӀагайтина а хила безаш бу уьш.
ХӀокху декъашкахь схьаоьцуш бу къовсаме белхаш:
— Некъан боламан кхерамзаллехула йолу тоьлла цхьаъ, йа масех статья;
— Некъан боламан кхерамзаллехула йолу цхьаъ, йа масех телесюжет;
— Некъан боламан кхерамзаллехула йолу цхьаъ, йа масех радиосюжет.
белхаш схьаэцаран адрес: zelenaya_volna95@mail.ru / «На конкурс» билгало.
Къовсаман хьокъехь алссам хаамаш 🌐 minnacinform-chr.ru сайта тӀехь бовзийтина бу.
