– Болх беркате хуьлда хьан, чоьхьа вала мегар дуй? –пурба доьху Iусмана неIарехь
лаьттачу зудчуьнга.
– Мегар ду, бахийлаш тIейухахь.
– ХIун? Бехйелларш?
– Бехйелларш хьан боху хьоьга, бахийлаш…
– Бехк ма биллалахь, дика хезаш вац со. Суна-м ахь бехйелларш боху моьттура, бIегIийла йерш а йухур йу-кх.
– Шуна моьттур ду. Шар а ца луш, бахийлаш тIейуха ахь.
– Шера йу боху ахь?
– Ца боху, чу гIуо боху.
– Регистура мичахь йу шун?
– Регистура йац, регистратура йу, къена колхоз.
– Колхозехь йу? – цецволу воккха стаг.
– Йац. Кху чохь йу, дIагIой валахь.
– Муьлхачу агIор?
– Аьтту агIор.
Цигахьа дIаволало воккха стаг: «БIегIийлаш тIейуха тов, тIейухуш ма йац уьш, когайухуш ма йу», – бохуш,
бур-бур деш.
Регистратурехь компьютерна «чуйоьлла» Iаш йолчу йоIана хьалхарчу гIопасти тIе куьйгаш дехкина дIахIоьттира иза. ЙоIа хIара тергал ца во.
– ЙоI, болх беркате хуьлда хьан, – вистхуьлу Iусман.
– Диканца вехийла, ваши, хьуна хIун оьшура?
– Лергийн лор оьшура суна, цунна тIеваха кехат лохьа суна, – дийхира цо, йоIа аьлларг шена дика ца
хезнехь а.
Цуьнга кхин йист ца хуьлуш, йуха компьютера «чуйуьйлира» иза. Цхьа хан йаьлча:
– Паспорт дуй хьоьгахь? – хаьттира.
– Ду, – олуш шен паспорт дIакховдийра цо.
– Ваши, диспансеризацех чекхвала веза хьо цкъа хьалха.
– Диспарзаци хIун йу?
– Флюрографих чекхвала веза, кардиолог, терапевт, невропатолог, уролог, стоматолог… волчу ваха веза хьо.
– ЙоI, сан сагатдеш дерг дог а дац, пах а бац, доIах а дац, ахкаргаш а дац…
– Дацахь а, цкъа царах чекх ца ваьлча офтальмологна тIе вохуьйтийла дац.
– И мукъане а мила ву-те?
– Лергийн лор ву-кх.
– Цергийн лоррий?
– ХIан-хIа, лергийн лор ву.
– Вай, иштта ала мегар дац иза, оффай, мофтий ца бохуш? ЦIе а ма йу? – аьлла, шега йоIа деллачу кехатийн цIов а эцна больница чухула волавелира Iусман. Масех де дайъира цо
оцу лоьрех чекхвала гIерташ, цхьамма хIума йаий вола, вукхо хIума ца йууш вола, цхьамма Iуьйранна вола, вукхо
делкъал тIаьхьа вола бохуш.
Эххар а лергийн лоьрана тIеваха кехат делира Iусманна. Шен рагI тIекхаьчча, неIарх
байн пIелг тоьхна:
– Чуван мегар дуй? – хаьттира цо.
– Мегар ду. Чувола. Кхуза охьахаа, – гIант гайтира лоьро. – ХIун ду хьан сагатдеш
дерг?
– ХIара аьтту лергана хазар чIагIделла-кх сан.
– Суна хIинцца хуур-м ду, хьо ваха, цунна хIун хилла, – аьлла дIакхевдина, цхьа Iайг санна йолу хIума схьаэцна,
лерга таIийра, йуха чухула дIасахьовзийра.
– Лерг цIена ду!
– ЦIен ду боху ахь? Шелдина-те?
– ЦIен ду ца боху, цIена ду боху.
– Хир ду дера, дийнахь пхоьазза дуьлуш ма ду и. Хила хIун хилла цунна?
– Дера, воккха стаг, хьан лерг къан ма делла, – элира лоьро.
– Къен делла боху ахь?
– Ца боху, къанделла боху.
– Лор, цхьана хенара-м ду хьуна сан ши лерг. Цхьаъ къона а дуьсуш, важа къан хIунда делла-те?
– Ва-хьа-хьа, – аьлла йелайелира лор, забар йолуш ма-хилла хьо, – олуш.
– Ву дера со-м собар долуш. Хьуна тIекхача гIерташ кху больница чухула гонаш туьйсуш со лела кхо де дера ду.
– Собар хьан бохура хьоьга, забаре бохура ас-м.
– Суна-м забар йац хьуна хIара. Хила мукъане а хIун хилла лергана, дарба хIун дича хир ду?
– Воккха стаг, лерга тIе богIу пха бакъабелла хьан. Дарба хир дац. Хьо Москва вахча а, Санкт-Петербурге вахча а эрна дIаса ма лела, –элира лоьро Iусманан лере атаьIна.
– Лор, боккха синтем би ахь суна, дIавоьду со, – аьлла дIавахара Iусман. Йуьртахь цунна дуьхьал кхийтира шина Iасанна тIетевжича а букъасурт дIанислуш йоцу ЦIахьбату.
– Ва Iусман, хьо стенга ваханера? Тезетара вогIуш санна кхоьлина ма ву хьо? –хаьттира цо.
– Стенга ваханера, стенга ваханера? Больнице ваханеракх.
– ХIунда?
– ХIара цхьа лерг ду сан къордоьлла.
– ДIавалахьа, самагатдехьа. Эцца, дох а дай, шоззакхузза хьелийн даьттан кхобиъ тIадам чуладабехьа, хецалур ду хьуна.
– ДIайала. Ахь хIун дуьйцу? Ваьхьар вуй-те?
– Сох а тешна бохий ахь?
– Боху-те.
– Ца вахьахь дIалела хьо:
«ХIан?», «ХIун бохура ахь?»– бохуш. ОьгIаза йахан кеп хIоттийра къеначу зудчо.
ЦIахьбатус ма-аллара лерга даьтта доьттира цо. КIира даьлча, хIара цец а волуш, лерса меттахIоьттира. «ХIаъ, –
ойла йора цо, – баккъал а, Москва йа Санкт-Петербурге-м ца хаьа суна, вайн лор йолчу ваха везаш ца хиллера…»
С.ХУСЕЙНОВ