Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон тӀедилларца Нохчийн меттан институтан нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран туьшан говзанчаша эсаран беттан 28-чу дийнахь дуьйна дӀахьош йара вайн республикин кхитӀе а долчу дешаран корматаллин программехула йуьхьанцарчу
дешаран школийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн хаарш тӀедузаран Ӏалашонца йолу «Къоман
меттан а, литературин а дарсехь йешаран говзалла кхиор» курсаш. Республикин йерриге а кӀошташкара
70 хьехархо вара курсашкахь дакъалоцуш. Курсийн программа 36 сахьтана лерина йара. Лахьанан беттан 1-чу
дийнахь тӀаьххьара де дара курсийн. Цул сов, курсашкахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин дешар кхиоран
институтан нохчийн меттан методисташ а, говзанчаш а.
Курсийн Ӏалашо йара йуьхьанцарчу классийн хьехархошна нохчийн литература хьехарехь а, дешархошна
къоман исбаьхьаллин литература йеша марздарехь а методикин гӀо-накъосталла дар. Нохчийн меттан хьехархоша йуьхьанцарчу классашкахь беш болу болх кхачаме хилийта оцу курсех доккха гӀо хирг хиларх тешна ду Нохчийн меттан институтан куьйгалла. Маршаллин дош олуш, Институтан балхах а, курсийн программах а, берашна шайн къоман мотт бераллехь дуьйна марзбаран мехаллах а лаьцна дийцира Нохчийн меттан институтан директора, филологийн Ӏилманийн доктора Овхадов Рукъманан Мусас.
Курсийн программа, лакхахь мааллара, Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран туьшан говзанчаша (туьшан
куьйгалхо Исраилова Луиза коьртехь йолуш) хӀоттийна йара. Хьехархойн кхолладеллачу чолхечу хаттаршна жоьпаш луш, Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн а, керлачу Ӏаматийн а хьокъехь дийцира Нохчийн
меттан институтан говзанчаша. Курсийн программин гурашкахь хьехархоша кхочушбира йуьхьанцарчу а,
жамӀийн а диагностикийн белхаш. Курсийн балхана йукъадогӀура хьехархоша, шаьш Ӏамийначу бакъонех пайда а оьцуш, диктант йазйайтар а, тестийн тӀедахкарш кхочушдар а. Церан белхаш теллича, жамӀашка хьаьжжина, говзалла лакхайаккхаран курсаш чекхйахарна тоьшаллаш лур ду. Курсашкахь дешначу хьехархоша
билгалдоккхура и тайпа курсаш а, вовшех дагадовлар а шайна оьшуш а, пайдехь а хилла хилар.
Хьехархошна институтан Нохчийн меттан музей чу а, къоман тематикина дехкинчу суьртийн гайтаме а, ткъа иштта, институтан Ӏилманийн лаборатореш чу а экскурси а йеш, берзийра курсийн болх.
З.ХИЗИРОВА
Фото взято из открытых источников