Хьомсара махкахой, лараме вежарий, йижарий!
Хазахетар а, боккха кхаъ а бу вайна. Тахана 102 шо кхечи хӀора а нохчичунна мехала долчу Къоман «Даймохк» газетан.
ХӀокху денца, уггаре а хьалха, вайн Мехк-Да, Нохчийн меттан гӀаролхо, «Даймохк» газетан воккха а, веза а Ваша Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан декъалван лаьа суна!
Цул сов, газетан накъост а хилла лаьтта Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а декъалво ас!
Шен оьмарехь нохчийн халкъаца халахетарш а, хазахетарш а доькъуш, нохчийн йозанан мотт баржорца йоьзначу шен Ӏалашонна муьтӀахь а долуш даьхна ду «Даймохк».
Таханлерчу маьӀнечу, мехалчу денца суна иштта декъалван лаьа дашца а, балхаца а, гӀоьнца а «Даймохк» газетан дахарехь дакъа мел лаьцнарг!
Къаьсттина ас декъалбо газетан редакцин ветеранаш а, таханлера белхахой а, ца хилча ца бовлуш болу хьомсара газетдешархой а!
КхидӀа йолчу ханна а, хӀокху дуьненахь нохчийн халкъ а, нохчийн мотт а мел беха, къоман «Даймохк» газет а дехарг хиларх тешна ву со, Дала мукъ лахь!
Ларамца,
«Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар