Кхоьш (фасоль) адамашна дуьххьара Къилба Iамаркехь йевзина. Цигара кхаьчна уьш Украине, Молдаве, Узбекистане, Кавказе, Нохчийчу, кхечанхьа. Нохчаша, ширачу заманашкахь дуьйна, кхачанан сурсатех санна пайдаоьцуш хилла оцу ораматех. Кхоьш хьаьжкIашца цхьаьна а, шаьш а, думица цхьаьна а кхехкош хилла. Вайна дага а догIуш, Iаьнан муьрехь кесткеста кхехкайора кхоьш. Уьш чIогIа мерза а хуьлура.
Кхоьэх йина чорпа могашаллина дика лоруш йу халкъалахь. ХIунда аьлча, цуьнца алссам витаминаш а, белкиш а
йу. Кхоьшца кали а, минералан туьха а алссам хиларна царах пайдаоьцу атеросклероз йолчарна а, дагца лазарш долчарна а дарбанаш лелош. Вуьштта аьлча, кхоьш йаар ду-кх царна дарба.
Цул сов, халкъан медицинехь шайн беттанашца кхехкийначу кхоьийн мутта (хи) дика ду жаннаша сагатдечарна,
ревматизм, гипертони цамгарш йолчарна. Муьлххачу кепара кхехкийна кхоьш йаар пайдехь ду лакхахь хьахийна цамгарш йолчарна санна, могашчарна а. Цундела вайн хесашкахь кхоьшна а меттиг хила еза. ТIаьхьарчу хенахь дикка лахделла Нохчийчохь уьш йуьйш-лелор. Иза вайна данне а пайдехь дац.
З.МАДАЕВА