ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн йуьххьехь Къилбаседа Кавказехь уггаре а сиха кхуьучу республикех цхьаъ йара Нохч-ГIалгIайчоь. Iаламан уггаре а коьрта бахамаш лоруш бара мехкадаьтта, хьун, гIишлошйаран коьчалш, минеральни а, термальни а хиш. Йуьртан бахаман хьаштийн латтанаша дIалоцуш йара 1миллион гектар гергга майданаш. Царах 30 процент латтанаш дуьйш-лелош дара. Дуккха а латтанаш дара хиш дохкуш. Цо таро лора шарахь шозза йуьртабахаман сурсаташ чудерзон.
Республикехь дика кхиъна дара цIерпоштнекъашца а, автомобилийн некъашца а киранаш дIасакхехьар. БиргIанашца регион йоьзна йара Каспин а, Iаьржачу а хIордашца, Россин областашца.
60-чу шерашкахь Нохчийчоь Къилбаседа Кавказехь шен промышленни нуьцкъаллица а, таронашца а уггаре а тоьлла йара. Промышленностан коьрта дакъош дара мехкадаьттанах а, газах а гIуллакхдар, мехкадаьттан-химин дакъа. 1991-чу шарна тIекхочуш республикехь хIора шарахь лаккхара дикалла йолу 4,2 миллион тонна мехкадаьтта доккхура, кхечу регионашкара чудохьуш дерг а лерича, хIора шарахь 16–18 миллион тонна мехкадаьттанах гIуллакхдора. Мехкадаьттанах 80 сов тайп-тайпана сурсаташ дохура. Соьлжа-ГIалахь доккхуш долчу бензинаца а, мехкадаьттанца (соляркица) а кхачойеш йара Россин йерриге а къилбе. Вайн авиационни хьакхарех (масла) пайдаоьцуш йара СССР-ра йерриге а аэропорташ.
Дика кхиъна дара вай долчохь мехкадаьттан дакъошна машенаш йар. Электроприбораш йаран гIуллакх а, автоматически урхалла дар а, промышленни копировальни аппараташ йар а махкахь уггаре а дика дIахIоттийна дара Нохчийчохь.
Йуьртан бахамехь къахьоьгуш бара вайн дукхах болу бахархой. ХIора шарахь хьийкъина хьаьжкIаш, йалта, буракаш, кемсаш, стоьмаш, хасстоьмаш кхиабора. Уьш бахархошна бухкура туьканашкахь а, базаршкахь а. БIеннаш эзарнаш тонна хуьлура чуберзийна стоьмаш а, хасстоьмаш а. Цуьнца цхьаьна аренашкахь а, лаьмнашкахь а лелош маIаш йолу даккхий даьхний, уьстагIий дара. Церан барам ах миллионе дIакхаьчнера.
КхидIа а кхиа, бахархойн Iер-дахар тодан вуно йаккхий таронаш а, тIаьхьалонаш а йара Нохчийчоьнан. Амма СССР йоьхна дIайаларо а, Iедале политикина гена болу, халкъаца бала боцу зуламе нах бахкаро а хьал галдаьккхира, экономика, промышленность, йуьртан бахам, дешар, могашалла Iалашйар, культура хIаллакйаран некъ йуьхьарлецира. 1993-чу шеран чаккхенехь болх бечуьра сецира мехкадаьттанах гIуллакх деш хилла йоккха йиъ завод а, химкомбинат а, «Красный молот» завод а, кхийерш а. Промышленность санна боьхна дIабелира йуьртан бахам а. Колхозаш а, совхозаш а чIана йехира. Йуьртан бахаман техника лачкъийна, йоьхкина дIайаьккхира. Эзарнаш, эзарнаш бахархой болх бан меттиг йоцуш бисира. Балхахь бисинчу хьехархошна, лоьрашна луш белхан алапа дацара, баккхийчарна луш пенси дацара, ур-атталла заьIапхошна а, берашна а пособи дацара луш.
Оцу йуккъехула Нохчийчохь луьра тIом болабелира. И бахьанехь 1994-чу шеран чеккхенехь 1995-чу шеран хьалхарчу декъехь республикина а, халкъана а вуно доккха зен хилира. ХIетахь динчу хьесапашца Нохчийчоьнна 10 миллиард долларна зен динера. Йохийна, аьтта дIайахийтинера Соьлжа-ГIала, йерриге а бохург санна йарташ. БIеннаш эзарнаш бахархой тIамах бевдда махках бевллера, иттаннаш эзарнаш маьрша нах байъинера. Бомбанаш, ракеташ йетташ йохийнера заводаш, фабрикаш, больницаш, школаш, библиотекаш, культурин объекташ, некъаш, тIайш…
ТIетта эшна доьдуш долу хьал кхин а далатохаре дерзадора Нохчийчохь дIабоьдуш болчу тIамо. Цхьа а де дацара бохамаш, зуламаш дебош бен догIуш. Эххар а федеральни эскарша шайн куьйгалли кIела йерзийра Соьлжа-ГIала, аренца йолу йарташ. Жим-жима йохуш паргIатйохуш йара лаьмнашкара кIошташ а. Россин эскарийн Iуналлехь йолчу йарташкахь а, гIаланашкахь а, Россина муьтIахь болу, тIеман кIуркIамане сацон, дIайаккха ойла йолу куьйгалхой хIитто болийра. Церан балха тIехь куьйгалла дан Нохчийн Республика КогахIотторан правительство а, Къоман Барт баран Комитет а хIоттийра Москвас. Цо шен болх каде дIа а болийра.
Россин Федерацин Федеральни программица 1995-чу шарна 5,4 триллион сом ахча хьажийра республика меттахIотто. Оцу ахчанах дан дезарг дуьйцуш а, харжаш стенна йан йеза хьоьхуш а федеральни службаш йара. Цаьргахула дIасалуш дара ахча. Доцца аьлча, оцу ахчанна дола деш Москвара службаш йара. Цара бечу хаамашца оцу шарахь пайдаэцнера 2,72 триллион соьмах, стенга хьажийнера-те оцу службаша сила долу ахча? Цара дийцарехь 280 миллиард сом дIадаьллера йохийначу гIишлонийн саьлнаш дIайохуш, нехаш дIайохуш, кхелхинарш (тIамехь байъинарш) дIабухкуш. ТIамах бевдда баханчеран, ханна дIасакхелхинчеран хьашташна Миграцин службо 124 миллиард соьмана харжаш йинера. 4,4 миллиард сом ахчанна харж йинера бахархошна пособи луш. (Нохчийчохь и пособи делла стаг ца хаавелла суна – авт).
Бахархой социальни ларбаран министерствос 260 эзар берана 33,6 миллиард сом делла аьлла хаам бира. Россин Президентан йуьззина бакъонаш йолу векал ваийтира Нохчийчу, кхуза доуьйтуш долчу ахчанна тIехь терго латто. Иза О.И.Лобов вара. Иза шен даржехь чIагIвелча, баккъал а сихбира меттахIитторан белхаш. Зенаш хиллачарна, хIусамаш, цIенош дохийначарна компенсацеш дала долийра. МеттахIотто йолийра Соьлжа-ГIала. Тойеш йара школаш, больницаш, хIусамаш, некъаш. Москва, Минеральные Воды, кхечанхьа цIерпошт лела йолайелира. МеттахIоттийра 100 сов школа, йарташкара 70 эзар гергга цIа и д.кх. И хаамаш бара Iедалан органаша шо чекхдолуш массанхьа а баржош.
Амма, цIеххьана цхьанна а дагахь хIума а доцуш, 1996-чу шеран бекарг баттахь Масхадовн бIаьхоша цхьана буьйсанна тохар дина «схьайаьккхира» Соьлжа-ГIала, кхийолу йаккхий йарташ. Хасавйуьртахь сихонца дийцарш а дина, Масхадовс а, Лебеда а барт бира Нохчийчуьра федеральни эскарш арадаха а, машар бан а… Нохчийн халкъ йуха а бале лецира. Йуха а къизалла йаьржира. Халкъ дола дан, вала да воцуш дисира. Зуламхойн ардангаш, талархойн гIеранаш, бригадни инарлийн бIонаш баьржира Нохчийчохь. Царах хIора шайна «маьрша» Нохчийчоь йезаш вара. Амма халкъан хьашт-дезаршца, лазамашца, цуьнан хиндолчуьнца бала болуш царах цхьа а вацара. Харцонца, мекарлонца Iедале баьхкинарш цхьа а хIума дан гунахь бацара, йохор, йадор, катохар доцург.
Экономика, Iилма, дешар, могашалла Iалашйар, къоман гIиллакх-оьздангалла хьехочохь дацара. Вайн дайша лелийна бусалба цIена дин дитийта гIерташ йукъабевлла Делан цхьа мостагIий бара – вахабиташ. Мацаллел, гIелонел ла хала дара и мискачу нахана. Цаьрга тIе ца лацалора харцдин а, и кхайкхош арабевлларш а. Нах кхетара иштта хьал дахдала йиш цахиларх, Везачу АллахIа мискачу нехан доIина жоп а делла, халкъ паргIатдоккхург хиларх. Иза цхьана дийне ладугIуш дара. Халонаш, харцо, гIело, къизалла ловш.
Иштта кегайелла, харцо, къизалла, Iасалла йаьржина мур нохчашна тIехIоьттина бацара цул хьалха цкъа а. Цундела хьере хилла халкъ, шена йукъара цхьа къонаха гIаттаре, тхьамда валаре сатесна дара. Оцу шерашкахь цуьнан билгалонаш царна тосайелира Гуьмсехь вахабиташца хиллачу тIеман тасадаларехь а, Iедалан векалшца хиллачу къийсамашкахь а, «Шу харц луьйш ду»… « ДIалахка хIокху чуьра ХаттабагIар…» йуьхьа дуьххьал дIабахарехь а. Иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. ХIетахь халкъана вовза кхиаза волу… Иза, Делан пурбанца, нохчийн халкъ балех, хIаллакьхиларх хьалхадаккха гIодайукъ йихкина гIаьттира 2000-чу шеран йуьххьехь…
С.ХАСАНОВ