Керла парк а, гӀашлойн зона а йина


Эсаран беттан 5-чу дийнахь долу ГӀалин де тӀекхочуш Соьлжа-ГӀаларчу Возрождени эвлахь даздаран хьолехьдӀайаьхьира керла парк схьайелларан мероприяти, гӀалин хьал тодарехь мехала
гӀулч хилира цунах.

Цу хьокъехь хаам бира Соьлжа-ГӀалин мэрис.Беркатечу хиламехь дакъалецира Висаитовн кӀоштан префекта  Шахгириев Тимура а, йукъараллин гӀуллакххоша а, эвларчу бахархоша а. Йукъараллин могашалла а, дахар а тодарехьа цу тайпана садаӀаран меттигаш кхоллар маьӀне хилар билгалдаьккхира гулбеллачара. «Тхан керла парк – иза баьццара зона хилла ца Ӏаш, дуьйладаларан а, ловзаран а, спортан дарсаш дӀадахьаран а меттиг йу.
Тротуараш а, заьӀапчу нахана лерина пандусаш а дӀахӀитторца массарна а аьтто болуш йина оха иза.
Билгалдаккха догӀу, хӀара объект йар — иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин тӀаьхьалонан кхин цхьа хазна хилар»,– билгалдаьккхира Шахгириев Тимура.

Парк йан аьтто белира «ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» федеральни проект а, иштта меттигерчу бахархоша жигара дакъалацар а бахьана долуш. Царна йукъара 12 эзар вахархочо кхаж тесира шайн и тойан лаам хилар гойтуш.
Парко дӀалоцу 11 эзар йиъкӀов метр майда. Цигахь берийн, спортан майданаш а, бовдучу некъаца йолу футболан майда а, синтарш деран меттиг а, гӀенташ а, беседкаш а хӀокхузаманан серло а йу. Ц ул с о в , Ро с с и н Ту р п а л хо ч у н М.Нурбагандовн цӀарахчу урамехь схьайиллина керла гӀашлойн зона. Оцу мероприятехь дакъалецира Соьлжа-ГӀалин Ахьмадан кӀоштан префекта Мусостов Асланбека а, тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн векалша а, йукъараллин гӀуллакххоша а, иштта меттигерчу бахархоша а.

«ГӀалин аьхна хьелаш кхоллар» федеральни проектан гурашкахь дӀадаьхьначу рейтинган кхажтасарехь толам баьккхина оцу меттиго. Керлачу гӀашлойн зонин майда йу 22 000 йиъкӀов метр. «И хийцамаш деккъа терахь а, майданаш а хилла ца Ӏаш, хӀоранна а ша йоккхучу хенах самукъадала йиш йолу дахарна дика меттигаш кхоллар ду. Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана массо а агӀор гӀо-накъосталла дар бахьана долуш аьтто баьлла и дерриге кхочушдан»,– билгалдаьккхира Мусостов Асланбека. ЦӀе лента хадорца дӀайирзира мероприятеш, цул тӀаьхьа керлачу меттигашка хьажа
аьтто хилира хьешийн.

 

М.АНЗОРОВ