Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана леринчу Йерригроссин «Кавказан аз» ХIlӀ-чу радиофестивалан экспертан кхеташоно схьакъастийна къовсаман финалисташ.
Царна совгIаташ даран болх дӀахьур бу товбецан беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГӀаларчу Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀийнехь.
2012-чу шарахь дуьйна йолу и фестиваль Соьлжа-ГӀалахь, Ростовехь, Буру-ГӀалахь, Симферополехь, Нальчикехь, ХӀинжа-ГӀалахь, Черкесскехь, Волгоградехь хилла.
2020-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГӀалахь дӀахьош йу иза.
Фестиваль вовшахтухуш йу Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон гӀоьнца Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.
