Кадыров Рамзана къаьсттина терго тӀе йахийтира ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а нохчийн мотт Ӏаморан гӀуллакхна


Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана белхан цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийчоьнан дешаран а, Ӏилманан а министраца Дааев Хож-Баудица. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Кадыров Рамзана къаьсттина терго тӀе йахийтира ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а нохчийн мотт Ӏаморан гӀуллакхна. Цо билгалдаьккхира, ненан мотт культурин а, синан а бух хилла латта безаш хилар.

Билгалдаккха догӀу, Нохчийчоьнан Мехк-Дас нохчийн мотт а, къоман гӀиллакхаш а, культура а, истори а ларйар шен лерринчу тергонехь латтош хилар. Иштта, цуьнан тӀедилларца 2023-гӀа шо Нохчийн меттан шо аьлла дӀакхайкхийна дара.