Кадыров Рамзан Соьлжа-ГӀалин гӀишлошйаран коьртачу майданахь хилла


Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан машенахь Соьлжа-ГӀали йуккъехула дӀаса а вахана, Нохчийчоьнан гӀишлошйаран коьртачу майданахь а хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Со реза хилира сайна гиначунна. Говзанчаш масех рагӀ а хӀоттийна дийнахь а, буса а белхаш беш бу.
Со тешна ву герггарчу хенахь гӀалин и дакъа Ӏер-дахаран тоьлла меттиг хилла ца Ӏаш, дуккха а хьеший а, туристаш а лелар болу нохчийн пачхьенан уггаре а хазачу меттигехь цхьаъ хилла дӀахӀуттург хиларх», – йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира Путин Владимиран цӀарахчу проспектехула дӀавоьдуш машаре а, самукъане а дахар шена гина хилар.

«Тахана вайн долуш дерг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан командин а хьакъ ду. Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран гӀоьнца, шен накъосташца нохчийн халкъан ирсе дахар кхолларан бух биллира цо.

Сан уггаре а чӀогӀа лаам белхазалла дӀайаккхар, нах шайн гӀуллакхаш деш а, болх беш а, доьшуш а, бераш кхиош а хилар бу. Иштта, суна чӀогӀа лаьа тӀекхуьу тӀаьхье маьждиге лелаш, кхузаманан Ӏилма Ӏамош, динан Ӏилма Ӏамош, спорте лелаш, могуш, дешна хуьлийла» – аьлла йаздина цо.