Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан шен накъосташца Соьлжа-ГӀалин гӀишлошйаран масех майданахь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
«Уггаре хьалха тхо хилира Спортан латаран республикин туш йолчохь. Лакхарчу тӀегӀанан латархой кхиор болу мехала объект йу иза. Цигахь дерриге а хьелаш хир ду. Сан тӀедилларца оцу обектана олимпиадин кхузза чемпион ваьллачу Сайтиев Бувайсаран цӀе туьллур йу», — аьлла Кадыров Рамзана.
Цул тӀаьхьа, Нохчийчоьнан Мехк-Да хьаьжира Али Мухьаммадан цӀарахчу урамехь беш болчу белхашка.
«Кхузахь деш 5000 стагана лерина башха маьждиг ду. Пхи минар йолу горга гӀишло хир йу иза. ХӀора а минар нохчийн халкъан йахь йолчу кӀентийн, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тешамечу накъостийн цӀарах хир йу — Хьасайнан, Юсупан, Рамзанан, Алхазуран, Абубакаран. 1998-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжина кӀело йинчу хенахь кхелхина бу уьш», — йаздина Кадыров Рамзана.
ТӀаьххьара Мехк-Да хилира Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран цӀарах йолу кӀошт йечохь а. Цо билгал ма-даккхара сихачу боларшца дӀахьош бу цигахь белхаш. Оцу кӀоштахь йеккъа хӀусамаш хилла Ӏийр йац, дешаран а, медицинин а, культурин а, спортан а объекташ а хир йу.