Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Фонд г1оьналлин йоккха акци д1ахьош йу Г1аззехь


Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо гӀоьналлин йоккха акци дӀахьош йу ГӀаззехь. Цуьнан гурашкахь 1 000 000 гергга нахана кхачанан сурсаташ дӀасадоькъуш ду.

И гӀуллакх Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца дӀахьош ду.