Нохчийн Республикин Мехк-Ден кхерамзалла латторан гӀуллакхаллин хьаькама, В.В. Путинан цӀарахчу РУС-н куратора Кадыров Адама «АХМАТ-Грозный» ОМОН-н билгалбевллачу бӀаьхошна совгӀаташ дина. Цу хьокъехь хаам бина Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин пресс-службехь.
Оцу подразделенин кхаа белхахочунна «Нохчийн Республикин Турпалхо. Къонах» мидалш а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондера ахчанаш а делла цо.
Кадыров Адама билгалдаьккхира нохчийн лерринчу подразделенийн бӀаьхоша тӀеман декхарш кхочушдарехь гойтуш йолу майралла а, турпалалла а мехкан куьйгалло сих-сиха билгалйоккхуш хилар.
«АХМАТ-Грозный» ОМОН-н командира Бисаев Анзора баркалла элира Кадыров Адамна шайн балхана терго йарна а, гӀо дарна а.
«АХМАТ-Грозный» ОМОН-н белхахойн цӀарах ас даггара баркалла боху иштта лакхара совгӀаташ даларна Кадыров Адамна а, тхан отрядан терго йарна РОФ-н Президентана Кадырова Айманина а», — аьлла Бисаев Анзора.