Итон-Кхаьллан кӀоштан а, «Кавказ.РФ» АО-н А туризман декъехь цхьаьнаг1уллакхашдан барт хилла


Минеральные воды гӀалахь дӀайолайеллачу Кавказан инвестицийн форумехь Итон-Кхаьллан кӀоштан администрацис а, «Кавказ.РФ» АО-с а туризман декъехь цхьаьнагӀуллакхашдан барт бина.

Барта кӀел куьйгаш йаздина Итон-Кхаьллан кӀоштан администрацин куьйгалхочо Рабуев Альберта а, «Кавказ.РФ» АО-н кхочушдаран директора Тимижев Хьасана а.

Кавказан инвестицийн форум хӀутосург беттан 25-27-чуй деношкахь дӀахьур йу. Декъашхошна кечйина йоккха культурин-самукъадаккхаран программа а йу. Цуьнан гурашкахь экскурсеш, гайтамаш, кхидерг а ду билгалдаьккхина.