Исаева Марьяман дахаран а, кхоллараллин а некъ


Исаева (Марем) Марьям ХХ-чу бIешарахь нохчийн исбаьхьаллин литературехь, культурехь кхиамца болх биначарах йу. ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь цо доккха гIуллакх дина нохчийн халкъана йукъахь йозадешар даржорехь, исбаьхьаллин культура кхиорехь. ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь арайевлла Исаева Марьяман «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» романаш вайнехан хIетахьлерчу литературехь дикачарах йара. Нохчийн литературехь прозин жанр кхиарехь мехала хилла уьш. М.Исаева йина 1898-чу шеран гIуран беттан 20-чу дийнахь Одессехь халкъан хьехархочун Хакишев Солтин доьзалехь. Iалхан-Юьртара вара Солта. КIорггера дешна а волуш, боккха кхетам болу Хакишев Солта, ма-дарра аьлча, халкъан серлонча вара. ХХ-гIа бIешо долалучу муьрехь цо Лаха-Неврехь ишкол схьайиллина, цу хенахь керла йолу дешаран кепаш йукъа а йалош. Йуьхьанцара дешар Марьяма цIахь, шен доьзалехь Iамийна. ЙоьIан да Солта а, нана француженка а дешна хилла. Цара цIахь кхачам боллуш йуьхьанцарчу дешаран хаарш луш хилла шайн берашна. Марьям кхидIа а деша йахийтина Одесса гIалин 2-чу гимназе. Хакишев Солтин доьзал Одессера Нохчийчу цIабирзича, Соьлжа-ГIаларчу гимназин 5-чу классе деша дIаэцна йоI, иза чекхйаьккхина цо. Гимназера йаьлча, хьехархойн курсаш а чекхйаьхна. Цул тIаьхьа шен да директор волчу ЛахаНеврерчу ишколехь оьрсийн меттан, литературин хьехархочун болх бинацо. Оцу ишколехь Исаева Марьяман дешархошна йукъахь хилла тIаьхьа сийлахь Iилманча хинволу Авторханов Iабдурахьман а, къоман гоьваьлла йаздархо хинволу Айсханов Шамсудди а. Авторханов Iабдурахьмана шен «Мемуарашкахь» хьахийна Исаева Марьям.

Оьзда гIиллакхаш долуш, тамехь, цIеначу куьцехь стаг йара шайн хьехархо, шаьш массо а иза дага а йоьхна дара бохуш, йаздина Авторханов Iабдурахьмана Марьямах лаьцна. Ишколехь хьехархочун балхахь дукха ца йитина Исаева Марьям. Иза 1920- чу шарахь Соьлжа-ГIала дIа а йигна, Нохчийчоьнан халкъан дешаран отделан ишколан хьалхарчу декъан куьйгалхо хIоттийна. Кхузахь балхахь йолуш цо алссам йазйина берашна лерина йолу говзарш: туьйранаш, стихотворенеш, эшарш, тIаьхьо повесташ, дийцарш, пьесаш. Уьш цу хенахь Iаламат чIогIа оьшуш а, бераш кхетош-кхиорехь мехала а хилла. Делахь а, цуьнан кхолларалла стихашца дIайолайелла. Марьяман дуьххьарлера стихаш газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь арайийлина. М.Исаевас шена тIедиллина гIуллакх леррина, доггаха кхочушдеш хилла. Дукха хан йалале кхин а жоьпалле балха йахийтина иза. Граждански тIом болчу хенахь байлахь дисинчу берийн Iуналла деш, уьш берийн цIеношка дIанисдаран гIуллакхаш вовшахтухучу, царна оьшуш болу дешаран отделан куьйгалхо хIоттийна Исаева Марьям. Доккха гIуллакх дина цо буоберийн тергойарехь, царна дешаран, Iер-дахаран хьелаш кхолларан белхаш вовшахтухуш. 1924-чу шарахь М.Исаева Ростов гIала ВКП (б)-н Къилбаседа Кавказан мехкан комитетан зударийн отделан куьйгалхочун балха дIайуьгу. Оцу хенахь Iедало чIогIа терго йеш хилла зударшна йукъахь дIабахьа безачу балхана. Марьям Нохчийчохь йевзина ца Iаш, арахьа а йевзаш хилла шен белхан хьуьнаршца, хааршца, даима а белхан гIуллакхашна чу садиллина хиларца. Цундела йерриге а Къилбаседа Кавказехь и болх вовшахтохарца доьзна долу жоьпаллин дарж тIедиллина цунна. Цигахь болх барца цхьаьна Ростоверчу пачхьалкхан университетан филологин факультетехь а доьшу цо, иза кхиамца чекх а йоккху. Къоначу йаздархочун йукъара хаарш алсамдовларехь а, исбаьхьаллин корматалла кхиарехь а мехала хилла и хан. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь Исаева Марьям йуха а Нохчийчу балха схьайалайо. Халкъан дешаран, культура кхиоран тайп-тайпанчу хьукматашкахь куьйгалхочун белхаш бо цо. Ша муьлххачу балхахь хилча а, исбаьхьаллин литературехь хаддаза къахьоьгуш йара иза. Йуьхьанца, коьрта долчунна, поэтически жанрашкахь йаздора цо. Зорбанехь арайевлира Марьяман йаккхий поэтически говзарш. Царах йара «Вайн дуьхьа эгнарш», «Лайла», «ГIамаран Iин» цIераш йолу поэмаш. Оцу говзарийн чулацамехь адамийн чолхе кхолламаш бу, историн халчу муьрехь а адамаш доьналлех ца духуш хиларан ойла йо автора.

Цуьнан поэтически говзарш дика йевзаш хилла хIетахьлерчу нохчийн литературехь, уьш хрестоматеш
тIехь, дешаран киншкаш тIехь зорбатухуш а арайийлина. Халкъан барта кхоллараллех пайдаоьцуш йазйина йу «ГIамаран Iин» цIе йолу поэма. Нохчийн шира легенда йу поэми буха йиллинарг. Исаева Марьяма къоман легендин чулацамна тIе а тийжаш керла говзар, исбаьхьаллин литературин говзар йазйина. Поэмин боккха кхиам хилла ша йазйинчу хенахь а, цул дуккха а тIаьхьа а. Композитора Бексултанов Iумара симфонин поэма
йазйина Марьяман «ГIамаран Iин» поэми тIехь. М.Исаевас ишколашна дешаран киншкаш а кечйина. Цо дакъалоцуш арахецна 1933-чу шарахь хьалхарчу даржан нохчийн ишколашна программаш. Нохчийчоьнан ишколашкахь 30–40-чуй шерашкахь шайх кхиамца пайдаоьцуш хилла цо хIоттийна литературин хрестомати а, дешаран кхийолу киншкаш а. Исаева Марьям дика гочдархо а хилла. Цо нохчийн матте йаьхна оьрсийн литературин классикийн А.С.Пушкинан, М.Ю.Лермонтовн, И.А.Крыловн, Н.А.Некрасовн, А. П . Ч е хо в н , С . Я .Ма р ш а к а н , украинин литературин классикин Т.Г.Шевченкон говзарш. 1937-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин мохк талларан музейн директор хIоттайо М.Исаева. Дуккха а шерашкахь болх бина цо музейхь. Къоман историн хьокъехь материалаш гулйина. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом вайн республикин дозанашна
йуххе гIоьртича, музейн мехала материалаш Iалашйаран болх вовшахтоьхна. Вайн халкъ махках даккхалц оцу музейн директор лаьттина иза. Нохчийн халкъ махках даьккхинчу хенахь берийн бошмашкахь а, ишколехь а хьехархочун болх бина Марьяма. Казахстанехь Джамбулан областехь Iийна иза. Цигахь ша теш хиллачу дахаран хьолах лаьцна, белхалойн хьаналчу къинхьегамах лаьцна тIаьхьа йаздийр ду цо шен «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» романашкахь. Оцу романех хьалхарниг арайелира 1964-чу шарахь. «Ирсан орам» цIе йолу роман йара иза. ШолгIаниг, «Ирс кхоллархой» цIе йолу роман, 1969-чу шарахь арайелира. «Ирсан орамехь» дуьйцу нохчийн халкъ, махках а даьккхина, Казахстанехь хиллачу хенахьлерчу гIуллакхех лаьцна. Оцу говзарехь
гайтина Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь Даймехкан хьал а, ницкъ а алсамбаккхаран Iалашоно
цхьабарт беш вовшахтоьхначу тайптайпанчу халкъех долчу адамех лаьттачу къинхьегаман коллективо
тылехь хIайттараллица болх бар. Исбаьхьаллин кепехь дуьззина васташ кхоьллина оцу коллективан куьйгалхочун Акаев Русланан, парторган Анна Васильевнин. Оцу халчу хенахь Даймахкана чIогIа оьшуш йолу фосфориташ йохуш болх беш долу адамаш говза вовшахтоха хууш, цаьрца дика кхетош-кхиоран болх дIахьош болу куьйгалхой бу уьш.

Ду к к х а а п е р с о н а ж а ш й у М.Исаеван романехь:аптекан заведующи Клавдия Ивановна, Iилманчаш Яковлев а, Гладков а, хехо Егор Акимович а, къена партизан Божей а, комсомолхой а, кегийрхой а – Амангельды, Тамара, Шура, Мухтар, дуккха а кхиберш. Царах хIора а, дахарехь ма-хиллара, шен амал, шен лаамаш, ойланаш йолуш гайтина автора. Йоккхачу дегайовхонца кхоьллина Вассин васт. КIорггера патриотизм йолуш, шен Даймахкана а, халкъана а хьанал стаг йу Васса. Цо шена хьалха хIоттийна Iалашо халкъан пайдехь хилар йу. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь а, цул тIаьхьа тылехь болх беш а хаддаза шен Iалашонна тIегIерташ йу иза. Вассин вастаца мелла а йаздархочун биографица догIуш долу хIуманаш а ду. Нохчийн исбаьхьаллин литературехь Исаева Марьяма дуьххьара кхоьллина Iилманчин васт. Исбаьхьаллин ницкъах дуьззина ду романехь гайтинчу Iилманчийн Яковлевн, Гладковн васташ. Церан доьналла, лехамаш, шайн Iалашонаш кхочушйан хаар, адамашца йукъаметтигаш даггара лелайар гайтина йаздархочо. Авторан дегайовхо шеца хаалуш ду романехь кхоьллина аптекан заведующин Клавдия Ивановнин васт а. Романехь айбина йолу дуккха а проблемаш къастор автора кхочушдо билггал йолчу сюжетни зIенашца а, говза хIоттийначу композицица а. Романан мотт цIена бу, говза бу. Чолхенаш йац. Роман атта йешалуш йу. Цу тIера хаамаш дагах хьакхалуш бу. Нохчийн литературехь дика йевзаш йу «Ирсан орам» а, цул тIаьхьа арайаьлла «Ирс кхоллархой» роман а. Трилоги йазйан Iалашо хилла йаздархочун. «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» романаш трилогин хьалхара ши киншка лоруш йу. Трилогин кхоалгIачу киншки тIехь болх беш хилла иза, амма иза чекхйаккха ца кхиъна автор. Исаева Марьям кхелхина 1977-чу
шеран эсаран беттан 17-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан кхоллараллин, цуьнан киншкийн мехалла лахйеллайац тахана а.

Арсанукаев Iабдул,
филологин Iилманийн
кандидат