Х1окху беттан 21-29-чуй деношкахь «Федерация» фестиваль д1ахьур йу Соьлжа-Г1алахь


Соьлжа-ГӀалахь товбецан беттан 21-чу дийнахь дуьйна 29-гӀа де кхаччалц Йерригроссин къаьмнийн театрийн «Федераци» VI-гlа фестиваль дӀахьур йу. Иштта хаам хилира Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун Таймасханов ГӀаласан Нохчийчоьнан культурин министраца Ибрагимов Ӏийсаца хиллачу белхан цхьаьнакхетарехь.

Цигахь дийцаре дира Йерригроссин «Россин 2025-чу шеран культурин пачхье» проектан гурашкахь дӀайахьа леринчу культурин мероприятийн хьокъехь дерг. Ибрагимов Ӏийсас дийцира вайн республикехь дӀайахьа леринчу къоман театрийн «Федераци» фестивалах лаьцна.

Таймасханов ГӀаласа билгалдаьккхира, цу тайпанчу проекташа регионан культура а, экономика а кхиорехь а, туристийн бӀаьрг тӀехӀоттарехь а йоккха меттиг дӀалоцуш хилар.