Х1инца дуьйна Усманов 1имранан ц1арах урам бу Соьлжа-Г1алахь


ХӀинца дуьйна Соьлжа-ГӀалин Ипподромни урам илланчин Усманов Ӏимранан цӀарах хир бу. Иштта хаам бина пачхьенан мэрехь.

Цу хьокъехь болу сацам тӀечӀагӀбина Соьлжа-ГӀалин Думин депутаташа.

Дагадоуьйту, дӀадаханчу шеран чаккхенехь Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана ша дӀайаьхьначу дуьххьалдӀа эфирехь тӀедиллинера Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран цхьа урам Усманов Ӏимранан цӀарах бар.