Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дийцина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо 2025-чу шарахь дӀайаьхьначу акцех лаьцна.
«ХӀокху шарахь акцийн гурашкахь Фондо гӀийлабохкучарна а, гӀо оьшучарна а 3 миллиард 315 миллион соьмана гӀо дина. Цул сов, тӀеман лерринчу операцин декъашхойн а, шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларйаран органийн белхахойн доьзалшна а гӀурбанна 22 эзар сов уьстагӀ а дӀасабекъна», – йаздина цо телеграммерчу шен агӀонехь.