«Грозный» НПТРК-н белхахочунна «Нохчийн Республикин Турпалхо. Къонах» цӀе йелла


Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца «Грозный» НПТРК-н аналитикин программин редакцин лакхарчу тӀегӀанан видеооператорна Хизиров Ӏумарна Нохчийн Республикин лакхара цӀе — «Нохчийн Республикин Турпалхо. Къонах» йелла.

Даймехкан лаамаш Ӏалашбарехь къахьегарна а, белхан декхарш кхочушдарехь майралла а, доьналла а гайтарна йелла цунна и цӀе.

И деза совгӀат Хизиров Ӏумарна дӀаделира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада. Цо баркалла элира Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна шуьйрачу хаамийн гӀирсийн векалан белхан иштта лакхара мах хадорна.

Хизиров Ӏумар тӀеман леррина операци дӏахьочохь болх беш а, цигара хьал довзуьйтуш а волу ши шо гергга хан йара.