ГӀойтӀа боьду некъ тобина


«Кхерамза дика некъаш» къоман проектан гурашкахь тойина Р-12 «Кавказ» автомобилийн некъа тӀера ГӀойтӀа йуьрта боьду некъ. Объектан йохалла 4,7 км. йу.

Оцу некъо цхьаьнатуху ХьалхаМартан кӀоштан йарташ а, СоьлжаГӀала а. Цул сов, Р-12 «Кавказ» автомобилийн некъа тӀе валарна кхачо а йо цо. Тобале чӀогӀа боьхна бара некъ, цундела некъан боламан дакъалацархойн аьхналлина а, кхерамзаллина а Ӏаткъам бора. «Кхерамза дика некъаш» къоман проект бахьанехь керла силаман чкъор диллина цу тӀе. Цул сов, чӀагӀйина некъан йистош, билгалонаш а йохкуш. Билгалдаккха деза, некъ тобар нехан къаьсттина самукъадолуш гӀуллакх хилар. Дикачу некъо тобо йукъараллин транспортан болх а, аьтто бо социальни объекташна тӀекхача а, тойо бахархойн дахаран дикалла а. «Тхан йурт йийбарш арахецаран туш
хиларе терра некъ машенех буьзна хуьлу. Луларчу регионашкара нах а богӀу тхо долчу. Суна доккха баркалла ала лаьа оцу тӀехь къахьегначу некъашдахкархошна. Гуш дара уьш шайн белхан говзанчаш хилар. Ӏуьйранна дӀабуьйлалой бода боллалц болх бора цара. Дуккха а техника йара дакъалоцуш. ХӀинца тхан тӀех дика некъ бу, даггара баркалла боху оха некъ тобарна!», – элира меттигерчу вахархочо Магомадов Ӏелас. «Кхерамза дика некъаш» къоман проектан гурашкахь 2024-чу шарахь республикин некъашкахь тодеш ду 11 автомобилийн некъан дакъа а, 8 тӀай а.

А.ДАМАЕВ