«Единая Россия» проверила строящиеся объекты в Чеченской Республике


«Единая Россия» партис йеш йолчу а, ремонт йеш йолчу а социальни объекташкахь долчу хьоле хьожуш, хIора кIиранах беш болу талламаш бира хIокху деношкахь а. Партин декъашхоша а, йукъараллин жигархоша а теллира тайп-тайпанчу объекташкахь дIахьош болчу белхан дикалла. И объекташ йеш йу Партин халкъан программин гурашкахь.

Таллам беш берш хьаьвсира Иласхан-Юьртахь йеш йолчу физкультурин-могашалла чIагIйаран комплексе, Жимачу АтагIахь а, Мартанчохь а йеш йолчу лоьрийн амбулаторешка, Рубежни йуьртахь деш долчу культурин цIийне, ткъа иштта Соьлжа-ГIалахь деш долчу дукхапетарш йолчу цIенойн комплексе. И цIенош деш ду йохарна кхераме йолчу хIусамашкара бахархой чукхалхоран Iалашонца.

Талламаш баро гайтира массанхьа а белхаш билгалйаьхначу хенашкахь дIахьош хилар, белхан дикалла хила деззачу тIегIанехь хилар, гIирсийн а, коьчалийн а дикалла лакхара хилар.

Билгалдаккха деза «Единая Россия» партин халкъан программица вайн берриге а махкахь йан леринарг 213 эзар социальни объект хилар. Нохчийн Республикехь 2022–2023-чуй шерашкахь 600 гергга объект йина, ткъа 2024-чу шарахь йан леринарг а, реконструкци йан леринарг а 200 сов социальни а, инфраструктурин а объект йу. ДIабаьхьначу талламо гайтина ма-хиллара, оцу йерриге а объекташкахь гIишлошйархой кхиамца белхаш беш а, шайна хьалха хIиттийна​ декхарш хьанал кхочушдеш а бу, шайна тIехь долчу жоьпаллех кхеташ а бу.