Дуьненахь а вевзаш волчу нохчийн историкан, Ӏилманчин Ахмадов Явусан 75 шо кхаьчна


Нохчийчохь а, Россехь а вевзина ца Iаш, дерриге дуьненахь а цIе йоккхуш волчу историн Iилманан докторан, профессоран, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академикан, Россин Iилманийн академин Нохчийн Комплексни Iилманан-талламан институтан Iилманан коьртачу белхахочун Ахмадов Явусан тахана 75 шо кхаьчна. Винчу денца Зайндин Явус даггара декъал а веш билгалдаккха лаьа историн Iилма кхиоран хьаьрмахь цо къахьоьгу 50 шо сов хан хилар. Оцу муьрехь масех монографи, бIе сов Iилманан статья йазйина, иттаннаш аспиранташ, Iилманчаш кхиийна цо. Тахана а Нохчийчоьнан а, Россин а зовкхан дуьхьа къахьоьгуш, вайн халкъан историн къайленаш толлуш схьавогIуш ву Ахмадов Явус.

Даггара лаьа Iилманехь, дахарехь бIаьрла кхиамаш бохуш, иза дуккха а шерашкахь могаш-маьрша, ирсе вехийла. Везачу Дала Шен дуьхьа а, йоле а лорийла ахь нохчийн къоман а, къоман Ӏилманан а дуьхьа мел дина гӀуллакх а, мел хьегна къа а. Дела реза хуьлда!

Явус, Дала декъалвойла хьо!