Т1аьхьарчу хенахь т1етаь1начу йочанаша хаъал зенаш динера районан электросерлонан линешна. Токхамаша меттахдаьхнера б1ог1амаш, хедийнера электролинийн серий. Районан энергокомпанин а, аварийни бригадан белхалой йоццачу хенахь ларийра йочанаша дохийна б1ог1амаш, иштта хедийна электросерлонан серий а хуьйцуш, трансформаторийн подстанцешна талламаш а беш комплексни белхаш д1абахьа. Тахана районан йарташкахь а, социальни объекташкахь а массанхьа ремонтни белхаш бина чекхкбевлла электоркомпанин белхалой.
Къаьсттина алсам зенаш хиллера ламанца йолчу Энганахь, Сесанахь, Бенахь (Лоьма-К1орцахь), иштта кхийолчу йарташкахь а. Энганахь хийцира 1400 метр йохаллин токан серий, 13 токан б1ог1ам а. Сесанахь хийцира 7 б1ог1ам, 600 метр аьчган серий, Иштта Лоьма – К1орцахь хийца дийзира 19 б1ог1ам а, 2400 метр йохаллин токан сара а.
И белхаш боцурш а, х1ора денна бохург санна ца совцош д1ахьош бара электролинеш т1ехь биллина таллам латторн болх а. Линин серашна новкъарлойеш долу диттан геннаш д1адохуш, ледара долу б1ог1амаш хуьйцуш, трансформаторийн г1ирсаш карлабохуш каде белхаш беш, районехь йиллина электросерло латтош схьабог1уш бу энергокомпанин белхалой: Мусаев Сасхьаб РЭС начальник, коьрта инженер М. Исмаилов, РЭС-н мастерш Х. Юсупов, Ш. Донгулов, электрикаш Т. Хайдарлаев, И. Вахарбиев, А.Тимаров, З. Дадашов, З. Вараев, БКМ –н машинисташ У. Ильясов, Т. Озиев, технически белхалой И. Мусаев, М. Ибрагимов, С. Витаригов, А. Расуев и. кх. д1.
Дика лара бо шайн декхаршца
