Даудов Мохьмада цхьаьнакхетар д1адаьхьна Новак Александраца


Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедилларца Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Даудов Мохьмада Москвахь цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Правительствон Председателан заместительца Новак Александраца. Цу хьокъехь Премьер-министра хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Цаьршимма дийцаре дина Нохчийн Республикин социально-экономикин хьал кхиоран гӀуллакхаш.

«Ас баркалла элира Валентинан Александрана мехала гӀуллакхаш кхочушдарехь накъосталла дарна. Федеральни центран гӀоьнца 2024-чу шарахь буоберашна хӀусамаш йан ахча хилийтина, иштта, леррина школа-интернат йан таро а йина», — аьлла Даудов Мохьмада.

Цул сов, дийцира Нохчийчохь энергетикин а, инфраструктурин а, могашалла Ӏалашйаран а дакъошкахь инвестицийн проекташ кхочушйарх лаьцна.