Белхан гӀуллакхца Нохчийн Республике веана Россин Федерацин МЧС-н министр Куренков Александр


Иза хилира Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллехь. Цигахь хьешо зезагаш дехкира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, генералан Зиничев Евгенийн а хӀолламашна хьалха. Оцу мероприятехь дакъалоцуш Нохчийчоьнан Правительствон Председатель Даудов Мохьмад а вара.

Иштта, цигахь совгӀаташ дира балха тӀехь билгалбевллачу МЧС-н белхахошна. Билгалдаккха догӀу, Куренков Александр Нохчийн Республикин Мехк-Деца Кадыров Рамзанаца цхьаьнакхета лерина хилар.