Бахархошна т1ера налогам д1айохуш йу бохург бакъ цахилар хаийтина налогови службехь


Толаман денца доьзна бахархошна тӀера налогаш дӀайохуш йу бохуш, социальни зӀенашкахь баржош болу хаамаш бух боцуш хиларан хьокъехь хаам бина Россин федеральни налогови службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллехь.

Билгалдаьккхина, Россин ФНС-н сайта тӀехь а, «Налог ФЛ» приложенин гӀоьнца а налогашца долчу хьоле хьажа аьтто хилар.