Футболехула йолчу Россин Чемпионатан 10-чу туран гурашкахь ловзар дӀадаьхьира Соьлжа-ГӀаларчу «Ахмат Арена» стадионехь.
Цигахь цхьаьнакхийтира меттигера «АХМАТ» а, хьошалгӀа йеана йолу Тольяттера «Акрон» а.
3:0 чот а йолуш толам баьккхира соьлжагӀалахоша.
