Карарчу шеран товбецан беттан 10-чу дийнахь Олхазар-КӀотарахь нохчийн халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан
цӀарах йолчу литературинмемориалан музейн гӀишлонна тӀе даздаран хьолехь мемориалан у тохаран мероприяти
дӀайаьхьира. И гӀуллакх вовшахтоьхнера Оьрсийн географин йукъараллин Нохчийн регионан отделенис оцу музейн куьйгаллица цхьаьна. Ларамза дацара оцу йукъаралло иштта жигаралла гайтар. Сулейманов Ахьмад поэт, гочдархо хилла Ӏаш вацара, иза мохк таллархо а, географ а, историк а вара. Нохчийн халкъан поэта Сулейманов Ахьмада мел аьлла дош весет санна ду. Нохчийн кегийрхошна шайн Даймохк, мотт, гIиллакх деза Iамош йолчу цуьнан кхолларалло йоккха меттиг дӀалоцу нохчийн къоман литературин хьаьрмахь. А.Сулеймановс Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н топоними дӀайазйеш дуккха къахьегна, ткъа иштта, Ахьмада къегина лар йитина нохчийн мотт а, литература а кхиорехь а. Къоман культурин мехаллаш Ӏалашйарехь йоккха хазна хилла йеха цуьнан говзарш. Сулейманов Ахьмада шен байташкахь довзуьйтура нохчийн къоман гӀиллакхаш а, Ӏадаташ а, ламасташ а.
Мемориалан у дӀатохаран мехалчу гӀуллакхехь дакъалоцуш бара республикин Йаздархойн союзан векалш
а, йукъараллин гӀуллакххой а, Олхазар-КӀотаран администрацин векалш а, Ӏилманан а, культурин а гӀуллакххой а. Царна йукъахь бара Нохчийн Республикин Мехк-Да волчохь йолчу Культурин кхеташонан декъашхо Казаев
Султан, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Гуманитарни талламийн институтан директор Магомадов Супьян, Хь. Ибрагимовн цIарах йолу Россин Iилманийн академин Iилманан-талламан Комплексни институтан директоран заместитель Осмаев Ӏаббаз, Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан векалш: Хь. Умхаев, Ӏ.Бицаев, Ӏ.Гакаев, Ӏ.Закриев, С.Исраилов, А.Джабраилова, М.Саккаева, историк, йаздархо Берсанова Залпаъ, Ахьмадан дешархой, гергара нах. Оцу акцехь дакъалоцучара билгалдоккхура Ахьмад къинхетам болуш а, беркате а стаг
хилла хилар. (Иза дӀаваьлла 1995-чу шеран асаран беттан 20-чу дийнахь ОлхазарКӀотарахь).
Ала дашна, 2022-чу шарахь дара Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан дӀадолорца Соьлжа-ГӀаларчу
Новаторийн урамна 1987– 1995-чуй шерашкахь Ахьмад ваьхна хиллачу цӀенна тӀе иэсан у тухуш, оцу урамна
Сулейманов Ахьмадан цӀе тиллича. (Новаторийн урам хӀинца М.Висаитовн цӀарах йолчу кӀоштахь бу). 2022-чу шарахь, поэт дуьненчу ваьлла 100 шо кхочуш, Йаздархойн союзан дӀадолорца Сулейманов Ахьмадан цӀарах юбилейни мидал а, преми а чӀагӀйира. Литературехь кхиамаш баьхначарна луш йу иза. Ахьмадана дика хаьара нохчийн мотт. Иза вевзара Даймехкан воккха патриот санна. Къоначу литераторийн хьехархо а вара иза.
А.Сулеймановн байташна тIехь даьхна иллеш олуш цхьаьнакхетар хаздира, Кадыровн Орденан Кавалера,
Нохчийн Республикин халкъан артиста Исмаилов Шарпуддис. А.Сулеймановн цӀарахчу музейн директора, Ахьмадан несо Сулейманова Совдата баркалла элира мероприятехь дакъалаьцначарна а, и гӀуллакх вовшахтоха дагадеанчу жигархошна а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА