22 шо кхечи Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент хаьржина.


Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира, и де нохчийн халкъан исторехь гуттаренна а дуьсург хилар.

«2003-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжа куьйгалле хӀуттуш республика чӀогӀа чолхечу хьолехь йара, моьттура дика дахар дӀахӀоттон дуккха а шераш дезар ду. Ахьмад-Хьаьжас вайна гайтира уггаре халчу хьелашкахь а тоьлла хьелаш кхолла аьтто буйла», – йаздина Кадыров Рамзана.

Цо ма-аллара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шен халкъана хӀун оьшу а хууш а, цунна оьшург деш а вара. Инфраструктура меттахӀоттор, белхан меттигаш нисйар, нахана кхерамзалла а, социальни хьелаш а латтор – иза дерриге а цуьнан белхан цхьа дакъа дара.

«ХӀокху дийнахь вай дагалоцу цуьнан сийлахь гӀуллакхаш. Сийлахьволчо диканца бекхам бойла цуьнан къинхьегамна, гуттаренна а йалсаманица воккхавевойла иза регионехь машар а, къепе а дӀахӀотторна», – аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас.