Ӏаьрбойн бевзаш болчу журналистийн делегаци хилла Нохчийчохь


«Нохчийн Республика — машаре меттиг» туран гурашкахь Нохчийчохь Ӏаьрбойн журналистийн делегаци хилла.

Царна йукъахь Blue Bee for digital content service компанин генеральни директор Хьассанейн Мохьамед Ахьмад Махьмуд а, Мавританин дуьненайукъарчу телевиденин продюсерийн куьйгалхо Абубакар Ханан а, кхиболу бевзаш болу журналисташ а бара.

Туран гурашкахь уьш хилира Россин Президентан Путин Владимиран цӀарахчу Россин спецназан университетехь а, Шелахь долчу «Бусалбанийн дозалла» маьждигехь а, Соьлжа-ГӀаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, Нихалахь а, иштта кхечанхьа а.

Хьешаша билгалдаьккхира шайна «Бусалбанийн дозалла» маьждигехь санна хаза молла кхойкхуш шайн дахарехь цхьанхьа а, цкъа а хезна ца хилар.

Иштта цара дакъалецира «Грозный» НПТРК-хь дӀайаьхьначу ток-шоу-хь а.

Билгалдаккха догӀу, и гӀуллакх Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтоьхна хилар.