Таймин Биболат


Таймин Биболат дуьнен чу ваьлла Шелахь 1779-чу шарахь ворданийн чкъургаш ечу пхьеран Ахаев Таймин доьзалехь. ТIаьхьуо Биболатан доьзал Иласхан-Юьрта дIакхелхина. Цигахь хилла цуьнан кхиар. Биболатан нана Чечанара хилла. Биболатан кхаа вешин тIаьхьенех болу нах тахана а Шелахь а, Иласхан-Юртахь а Iаш бу.

Воккха хилча, зуда а ялийна, Биболат, дийцарехь, юха Шела схьавеана. Цигахь юьртда лаьттина иза. Делахь а, чIир тIейожар бахьана долуш, юрт йита дезна цуьнан. Иласхан-Юьрта юххехь шен кIотар йиллина цо, Биболатан-к1отар цIе а йолуш. Хьал долуш стаг хилла иза.

Тептаршкахь (документашкахь) Биболат дуьххьара хьахийна 1802-чу шарахь, иза гIалагIазкхашна тIе а летта, цо полковник Дельпоццо йийсар вича. 1807-чу шарахь архивийн хьостанашкахь иза хьахаво Шелан юьртда а, бIобаьчча а санна.

1807-чу шеран чиллин (февраль) беттан 12-чу дийнера бекарг (март) беттан 18-гIа де тIекхаччалц паччахьан эскаран дакъойн тIеман операци дIахьо коьртехь инарла Булгаков а волуш. ХIХчу бIешарахь дуьххьара хилла уггаре а йоккха операци ю иза. Оцу шарахьлерчу тептаршкахь Биболат нохчийн «коьрта бIобаьчча» ву аьлла хьахош ву. Цо гойту Булгаковс тIеман операци дIахьочу хенахь Биболат нохчийн бIона куьйгалла деш хилла хилар.

Гудович коьртехь хиллачу Кавказан командованис мелла а меттахIоттадо нохчашна дина зен. Цо зIенаш тосу нохчийн тхьамданашца, царна совгIаташ а деш, чинаш а луш. Ша аьлча, Биболатна капитанан чин а ло, алапа а хIоттадо. Вайн заманхойн хьесапашца иза халкъо хаьржинарг къобалвар а дара, юкъаметтиг кIадъян лаар а дара.

Оцу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Таймиев Буру-ГIала кхайкхира. Цигахь дIабаьхьира дийцарийн хьалхара мур. Цул тIаьхьа Тифлисехь дийцарш хилира Биболатна а, Гудовична а юкъахь. Уьш кхаа батте девлира. Иза Тифлисехь волчу юкъанна нохчийн цхьамогIа ярташка, цу юкъахь Шела а, шайх «пурстоьпаш» (пристав) олуш хилларш хьовсийра Кавказан командованис. Уьш ширачу феодалийн аристократин векалш бара. ДIа а кхайкхина, Биболат Iехо гIортарх беза мах такха дийзира Россин Iедалан. ГIуран (декабрь) беттан 16-чу дийнахь Нохчийчу цIа вогIуш, Даръялан чIожехула ТIеман-Гуьржийн некъаца кIело йина, Биболат вен гIоьртира. Иза тептаршкахь чIагIдина ду. 1807-чу шеран гIуран беттан 27-чу дийнахь графа центре Румянцевга хаам бора: «Шела юьртан юьртда волу Таймин Биболат нохчийн халкъана боккха тIеIаткъам болуш ву, церан тоьлла дошло (аьлча а бIон баьчча – З.Т.) ву, халкъалахь боккха сий-ларам а, тешам а болуш ву». Гудовича дехар (ходатайство) дора Биболатна подпоручикан чин а, детин ахчанца алапа а далар доьхуш. Гудовича Биболатан хьокъехь дина дехар кхочушдира ша Александр Хьалхарчо. «Биболатан сий а, ларам а кхин а чIогIа лакхабелира цунна эпсаран цIе еллачул тIаьхьа», – яздо Л.Колосовс, – халкъана иза Биболатан толам а хетара, паччахьан Iедал юхадалар а хетара».

Делахь а, Нохчийчохь дIайолийначу административни политико а, Даръялехь иза вен йинчу кIелоно а, хетарехь, дагатесира паччахьан инарлаш зулам дан гIерташ хиларан ойла. Биболата хадийра Гудовичца хилла зIенаш, цо шина шарахь ондда тIеман-политикин Iаткъам латтийра Кавказан зилехь.

1809-чу шеран аьхка, нохчийн агIоно юкъадаккхарца, чIогIа пайдехь нохчийн-гIебартойн барт чIагIбира. Делахь а, 1810-чу шеран асаран (июнь) баттахь Несарарчу (Назрань) наха шайггара бохийра Соьлжи йисттехь даха ховшоран хьокъехь болу барт. Уьш тIелетира нохчийн тобанна, гIебартойн эла Канчокин Албаксид а вийра, оьрсийн гарнизон а кхайкхира. И дарца галдаьккхира нохчийн-гIебартойн цхьаьнакхетар.

1811-чу шеран бIаьста коьртехь Тормасов а волуш, Кавказан урхалла Биболатца юха а уьйр таса гIоьртира. ХIутосург (май) баттахь Тифлисехь цхьаьнакхийтира Тормасов а, Биболат а. Тормасовс нохчийн яртийн дайшна дош делира «Биболатна оьшуш мел дерг хилийта…» 1812-чу шарахь Тормасовн некъ кхидIа а дIабаьхьира Ритишевс. Амма цул тIаьхьа юкъаметтигаш галъевлира.

1816-чу шеран чиллин беттан 6-чу дийнахь Кази-Юьртаний Лащурински карантинаний юккъехь нохчийн тобано йийсар вира Дербентера юхавогIуш волу майор Швецов. Эпсар йийсар вар тIаьхьа Биболатна тIедуьллур ду.

1816-чу шеран асаран беттан 29-чу дийнахь инарла-лейтенант А.П.Ермолов Кавказехь командующи хIоттийра. Эсаран (октябрь) беттан 10-чу дийнахь иза Тифлисе кхечира, эскарийн командующин декхарш кхочушдан волавелира. Тифлисе дIавахале, товбецан баттахь, цкъа хьалха Георгиевскехь, цул тIаьхьа Буру-ГIалахь Ермоловн шозза цхьаьнакхетар хилира Биболатца. Цул сов, талламхойн хаамашца, Буру-ГIалахь хиллачу цхьаьнакхетарехь Ермоловн а, Биболатан а барт хилира тIемаш совцо а, Биболат паччахьан службехь поручикан чинехь меттахIотто а. Цхьаьнакхетар Ермоловн лаамца хилла боху. Амма тIаьхьа гучуделира Ермолов нохчийн само йойъуш хилла хилар, боккха тIом дIаболабалале хьалха.

1817-чу шарахь паччахьан командованис, барт бина хиларе хьаьжна ца Iаш, дIадолийра Несарехь гIап а, цул тIаьхьа, Преградни туп а яр. Цо и дича, Биболата тIеман барт бира жIайхойн ханаца Нур-Мухьаммадца. 1818-чу шеран хIутосург беттан 20-чу дийнахь, Ермолов коьртехь а волуш, паччахьан эскар Нохчийчоь йолчу агIор схьадоладелира. Биболат мостагIчунна дуьхьал велира иза Терках сехьа волуш, Девкар-Эвла (ШираЮрт) йолчу агIор. Цул тIаьхьа Биболат Хьач-Хи (Нефтянка) долчу меттехь чIагIвелира. Цигахь шолгIа тIом хилира. Делахь а, Ермолов Соьлжи йисте кхечира. Цигахь туп тоьхна сецира. Асаран беттан 10-чу дийнахь Грозный (Буьрса гIап) ян йолийра.

Оццу хенахь Биболат Шина Суьйра юкъ чIагIъян волавелира. ХIора дийнахь тIом хуьлура. ТIаьхьа гIонна кхечира Нур-Мухьаммад коьртехь волу бIо. Биболат а, Нур-Мухьаммад а хIинцца йиллинчу Буьрса гIопе юург йохьуш, чиновникаш балош йогIуш йолчу ворданашна гуо лаца гIоьртира. Цуьнца доьзна Ермоловс цига эскар хьажийра, коьртехь Вельяминов а волуш. Эскархошкахь йиъ йоккха топ яра.

АтагIа юьрта йистехь Биболатан а, Нур-Мухьаммадан а бIонаш Вельяминовн эскарна тIекхочучу хенахь, дагахь а хилла боцу, бохам хилира. Нохчаша дуьххьара шайна тIехь зийра Россин яккхийчу тоьпийн хIоьънийн хIаллакдаран ницкъ. Наполеон Бонапарта дуьххьара Тулонехь динера иза. Биболат юхавелира. ТIаьхьа Ермоловс яздина «… оцу дийнахь нохчий чIогIа майра лийтира…».

1821-чу шеран хIутосург баттахь Майртуьпахь Мехк-Кхеташонан гуламехь дIакхайкхадо, Биболат коьртехь а волуш, олаллина дуьхьал дерриге а халкъо кечамбар дIадолош хилар. 1822-чу шеран юьххьехь Биболатах схьакхета Гермачигара къеда Iабдул-Къедир. Чиллин беттан 9-чу дийнахь Биболатан а, ткъа иштта Iабдул-Къедиран а тIемалойн буьрса тасадалар хилира Грековн эскарца. Оцу тIамехь кхелхира Iабдул-Къедир. Цул тIаьхьа Биболата тIеман тактика хийцира, шен эскар тобанашка дIаса а доькъуш. Аьхка Биболата дIадолийра Теркайистера «маьрша» нохчий лаьмнашна гергахьа схьакхалхор, Россин Iедале уьш милицин могIаршкахь гIуллакхдан ца бигийта.

1823-чу шарахь Биболатана юха а кIело йира, иза вен дагахь. КIело яйтинарг Греков вара. 1824-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь Эрпеле, инарла Ермоловн ставке, дийцарш дан вахара Биболат, Шамхал Мехти-Хан зен-зулам ца хилийта юкъара а хилла. Паччахьан эскарш тIелетар, ша кечамбина валлалц, сацон лууш, ханна машар бан гIертара Биболат.

1824-чу шеран бIаьста Биболат Ярагский Мохьмад волчу вахара. ГIазотан тIеман бакъонаш а, оцу тIамна цо хIиттийна некъаш а Iамийра цо. Цул тIаьхьа, Биболатца цхьаьна Нохчийчу веара Кудуклай Махьома. Иштта, гIаттам кечбарна юкъаозийра хьехамча Авхь, цхьадолчу хьостанашкахь «Биболатан имам» аьлла волу, шахан эмиссар Нохь– хан-ГIазгIумкийн Сурхай-Ханан кIант.

Цул тIаьхьа пхи де даьлча, 1825-чу шеран хIутосург беттан 29-чу дийнахь, Майртуьпахь даздаран хьолехь Мехк-Кхеташонан гулам дIаболийра. Цигахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказерчу тайп-тайпанчу халкъийн векалш, ткъа иштта Iеламнах. Цигахь дIакхайкхийра Россин олаллина дуьхьал боккха болам дIаболош хилар. Имам ву аьлла дIакхайкхийра Махьома (Махьма). Биболат оцу боламан веккъа цхьа куьйгалхо вара. Иза вара вовшахтохараллин а, тIеман а дакъошна коьртехь. Иштта, оцу гуламехь дIакхайкхийра Биболатан реформаш яран программа. Коьртехь Б.Таймиев а волуш, пачхьалкхан административни система кхолларан юьхь яра иза.

Мангалан (июль) баттахь 2 эзар дошло юкъахь волу эскар, коьртехь Биболат а, Махьма а волуш, Майртуьпара Шела йолчу агIор дIадоладелира. Шелара АтагIа дахара. Юрт дIалецира. Греков Биболата туп тоьхначу меттигана тIеволавелира. Делахь а, Биболат цуьнца тIом ца беш, ГIойтIа юьрта юхавелира. ХIунда аьлча, шен эскар гIаттамхошца тIедузар чекхдаккха дезаш вара иза. Мангалан беттан 7–8-чуй деношна юкъахь йолчу буьйсанна цIеххьана тIелетира Iамир-Аджи-Юьртан чIагIонна. ЧIагIо схьаяьккхира цо. ГIап йохийра. Оьрсийн эскарера схьаяьккхина йоккха топ лаьмнашка дIа а хьажийна, Биболат Соьлжехьа дIаволавелира. Злобный окоп схьаяьккхира. Юха иза Соьлжин лакхенца йолчу Преградни Станцехьа дIаволавелира. ЧIагIонан цхьана декъах цIе тесира. Цул тIаьхьа нохчаша дIадолийра Герзел-Эвларчу гIопана гуо лацар. Го лаьцначу ялхалгIачу дийнахь Лисаневич а, Греков а шайн берриге а ницкъ вовшах а тоьхна, Герзел-Эвла вахара. Нохчий юхабевлира. Шерачу аренца, оьрсийн эскарехь яккхий тоьпаш хиларна, тIом бан хала дара. Делахь а, мангалан беттан 16-чу дийнахь Герзел-Эвларчу гIопехь цIий Iанош хиллачу тасадаларехь нохчичо Учар-Хьаьжас вийра Лисаневич а, Греков а. Масех де даьлча, толамца Аксай веара Биболат а, ши имам а – Кудуклай Махьома а, Авхь а.

Герггарчу хьесапехь мангалан беттан 17-чу дийнахь Майртуьпахь Мехк-Кхеташонан рогIера гулам хилира. Цо дIакхайкхийра Биболат Нохчийчоьнан куьйгалхо хоржуш харжамаш дIахьош хилар. Дагестанера динан нах, цунна реза боцуш, гуламера дIабахара. Харжамаш Иласхан-Юьртахь хилира. Биболат Мехкада хаьржира. Массо тайпа бакъонаш шена елла волу Биболат, административни система кхолла волавелира. 1825-чу шеран шолгIачу декъехь Б.Таймиевс дIадаьхьира пачхьалкхан дIахIоттамна реформаш яр, малхбузехь санна администраци а кхуллуш, чIагIонаш а йойтуш, (ополчени) гIаттамхойл совнаха регулярни полк вовшах а тухуш, иза Ши Суьйра юккъехь дIа а нисъеш.

Хьаьттан (август) баттахь Биболата вайн берриге а махкахь яртийн администрацеш ехкира, юьртдай а, церан куьйга кIел туркхаш а хIиттош. Оцу беттан 29-чу дийнахь цо дIадаьхьира Буьрса гIопана гайтаман тIелатар дар. КIеззигчу тIемалошца гIопа чу кхача а, масех сохьтехь казармаш шен карахь латто а ницкъ кхечира цуьнан. Юха Буьрсачу гIопан коьртачу кевнех ара а ваьлла, дIавахара иза. Ткъа шолгIачу дийнахь АтагIахь дийцира динчу тIелатарх лаьцна. Иштта, Биболата йохийра мехкадаьттан гIунаш, ягийра хехойн пост, БоргIанерчу элан вешин кIант йийсар вира.

Эсаран (октябрь) беттан 21-чу дийнахь Биболата шолгIа а ГIебарта дошлойн бIо хьажийра гIаттам бинчу гIебартойн гIолаца а, уьш кIелхьарабаха а. Оцу беттан 26-чу дийнахь маьIне тIеман тасадалар хилира Ши Суьйра юккъехь Биболатан а, подполковника Сорочанан а. Паччахьан эпсар шен эскарца Буьрса гIопе юхавелира. Лахьанан (ноябрь) баттахь а хилира иштта доккхачу маьIне хилам. Оцу беттан 20-чу дийнахь Биболата кIело яйтира Ермолов лацархьама. Делахь а, дохк дукха дуькъа хиларо новкъарло йира. Цул тIаьхьа диъ де даьлча, Биболата Кули-Юрт (Буьрса гIопана юххехь хилла йолу) дIалецира. ГIуран (декабрь) беттан 31-чу дийнахь цо Ермоловга Нохчийчоьнан лехамаш дIабелира.

1826-чу шеран кхолламан (январь) беттан 26-чу дийнахь Ермоловс шен эскарш Ши Суьйра юккъехула Йоккха АтагIа йолчухьа дIахьовсийра. Биболат волчу Чехкари юьрта кхечира Мичигера, Нохчмахкара бIаьхой а, тIемалойн тобанца Кудуклай Мохьмад а. Йоккхачу АтагIахь туп тоьхна сецира Ермолов. Цунна тIелатарш дора нохчаша. Орга хих дехьадовлийла толлуш болчу гIалагIазкхашна а, салташна а шолгIачу дийнахь тIелетира нохчий. Ши де даьлча, шен туп дIаяккха волавелира Ермолов. Цунна юха а флангера тIелатар дира нохчаша.

Кхолламан беттан 30-чу дийнахь паччахьан эскаро ягийра нохчаша йитина йолу Чехкари. Юьртана 3 километр генахь вовшахлетира Биболат коьртехь волу нохчийн 3 эзар гIаттамхо юкъахь волу а, А.Ермолов коьртехь волу оьрсийн экспедицин корпусан а эскарш. Ермолов сихонца Буьрса гIопе юхавелира, цига чиллин беттан 2-чу дийнахь дIакхечира иза.

Оханан (апрель) беттан 27-чу дийнахь Биболата Хьалха-МартантIехь тIом бира паччахьан эскарца, ткъа хIутосург беттан 2-чу дийнахь Шела юьрта йистехь юха а тIом бира цуьнан майрачу бIаьхоша Россин тIемалошна дуьхьал.

Оцу баттахь дуьххьара дозанал арахьарчу мехкашка вахара Биболат. ГIобанал дехьарчу Чергазийчу а, Анапе а, Хонкара а, ГIажарийчу а кхечира иза. (Цхьаболчу хаамашца цуьнан цхьаьнакхетарш хилира султанца а, пашица а). Мангалан беттан шолгIачу декъехь иза Тебризера (ГIажарийчоьнан пачхье) Нохчийчу цIа веара. Цо гIолецира Кахетерчу паччахьан кIентан Александран, Тоначи юьртахь 2 эзар «лаьзгина» коьрте а хIоьттина. 1826-чу шеран гурахь а, 1827-чу шеран бIаьста шолгIа а дозанал арахьа вахара Биболат.

1827-чу шеран чаккхенера 1829-гIа шо тIекхаччалц Б.Таймиевн а, Мехкан Кхеташонан декъашхойн а дийцарш хилира Шамхалца Мехти-ханца, Россица машар барехь юкъаралла лелоран хьокъехь. Машар баран билламаш бара Нохчийчоь пачхьалкхана доминианан бакъонашца юкъаяхар – империн чоьхьара юьззина автономи йолуш мехкан декъашхо хилар. 1828-чу шарахь чиллин баттахь Мехти-хана Кавказан керлачу сардална, графана Паскевична хаийтира нохчийн агIонца дийцарш дар дIахьош хилар а, Биболата амалтана шен вешин кIант Мамед-Бек луш хилар а.

Бекарг (март) беттан 4-чу дийнахь Таркхи веара Биболат а, Мехка Кхеташонан 120 декъашхо а, кхузахь кхеташо дIаяхьа. Цигахь юьхьанцара барт бира Россица машар баран хьокъехь а, шамхале амалташ дIабаларан хьокъехь а. КIентий (ямалтана) дIасабелира Биболата а, Мехти-хана а. Оханан беттан 7-чу дийнахь Таркхехь Биболатан а, Мехк-Кхеташонан 105 декъашхочун а шолгIа гулам хилира. Паскевича Биболат Тифлисе а кхайкхира.

Асаран беттан 6-чу дийнахь Биболат шен накъосташца, ткъа иштта А.С.Пушкинца цхьаьна (цунна Биболат «лаьмнех дехьа волуш кхерамазаллин закъалт дара» Тифлисе кхечира. Оццу хенахь, «нохчийн гIуллакх» машарца дерза лууш йоцчу генералитето, оцу беттан 7-чу дийнахь Паскевиче доьхура Таймиев а, нохчийн ерриге а делегаци а йийна дIаяккхар. Кавказан сардал хиллане а реза ца хилира и дан.

Асаран беттан 25-чу дийнахь нохчийн делегаци, коьртехь Биболат а волуш, Тифлисера гIуллакхдеш йолчу коьртачу корпусе (оьрсийн-туркойн фронт) хьажийра, дийцарш дар кхидIа а дIадахьа а, Хонкарца болу къовсам чекхбаллалц нохчий цигахь латтон а. Оцу беттан 29-чу дийнахь делегаци Александрополе кхечира. Мангалан, хьаьттан беттанашкахь Биболат а, цуьнан накъостий а граф Паскевич волчохь гIуллакхдеш долчу эскаран коьртачу петарехь Iаш бара. Дийцарш дIахьочу хенахь Биболата юха а бовзийтира нохчийн агIонан билламаш (лехамаш – С.Х.) – (доминианан статус, чоьхьара юьззина автономи). Мангалан беттан 7-чу дийнахь Биболат Паскевич волчохь хьешийн шуьнехь хилира. Цигахь А.С.Пушкин а вара. Гуьйренца Николай Хьалхарчо чIагIйира Нохчийчоьнан статусан хьокъехь ханна йолу Положени, нохчийн агIонан билламаш хьесапе а оьцуш, графа Паскевича хIоттийна йолу (доминиан, чоьхьара автономи, Мехк-Кхеташонна гIоленан статус, Таймиев Нохчийчоьнан тхьамда волуш).

ХIХ-чу бIешеран хьалхарчу кхоалгIачу декъехь оьрсийн-нохчийн юкъаметтигийн исторехь уггаре а мехала политикин хилам бара иза. Биболатан ницкъ кхечира «нохчийн гIуллакх» машарца а, уггаре а пайдехь долчу агIор а чекхдаккха. Иза бакъонца Нохчийчоьнан – Россин империн доминианан куьйгалхо хилира. ХIетахь дуьйна Таймин Биболат тептаршна куьг таIо волавелира «Граф Чеченский» бохуш.

1831-чу шеран оханан беттан 28-чу дийнахь граф Паскевич-Эриванский сихонца Кавказера Польше дIахьажийра, цигахь гIаттам болабаларца доьзна. Биболат ша цхьаъ висира генералитетана – «тIеман партина», Нохчийчохь машар хилийтаран мостагIчунна дуьхьал.

Цуьнан тIаьхье яра асаран беттан 14-чу дийнахь Таьшкичу гIопера схьавогIуш волу мехкада, Нохчийчоьнан Куьйгалхо, цIеяххана Таймин Биболат, девзина доцчу хьелашкахь вер. Цуьнца цхьаьна белира машаран хьокъехь хилла сатийсам а. ТIом кхин а 30 шарахь лаьттира.

 

З.ТЕСАЕВ, Iилманча (Статья гочйинарг – С.ХАСАНОВ