Дуьрда-Шайх Шелахь ваьхна вуй а, цо шен болх кхузахь д1акхехьна буй а, кхузахь д1авоьллина а, цуьнан зийарт дуй а вайна хууш дара. Амма и хаарш ч1ог1а к1езиг дара х1инццалц.
Тахана вайн аьтто бу Дуьрда-Шайхан ц1ийнах волчу, Гелдаганарчу Джаблаев Аюбханца (Леча) цунах лаьцна къамел дан. Къамелехь дакъалоцуш вара Шеларчу Дуьрда-Шайхан ц1арах йолчу Хьафизийн школин директор Джамбеков 1абдул-Малик а.
Джаблаев Аюбхана (Лечас) дуьйцу: «Дуьрда-Шайх (Дардал) маца вина билггал хууш дац. Тхан ц1ийнах боьрша нах к1езиг кхуьуш бу. Шелара ду тхо, тайпана эрсаной а долуш. Шелара Сту бийна аре (Туба бохуш тхан дайх стаг хилла, цуьнан хилла и меттиг) къевсина, шайн тайпанах стаг (эрсано) кхелхина цуьнан жимахволчу вешин Дожин карах. И бахьана долуш, «кху йуьртахь 1ар вайна г1иллакхе дац», аьлла, «д1а ма-г1ахьара шу» бохуш, Гермачига кхаччалц дехаре баьхкина нах а болуш, Дуьрда-Шайх а, Дожа а Гелдагана д1абахана. Дуьрда-Шайхаца гергарло ч1ог1а хиларна, цаьрца цхьаьна йалхойн тайпана волу Умха а вахана.
Гелдаганахь эвла йуккъе охьахиъна иза а, цул лакхахь, цуьнан ваша ву а олуш хилла волу, Умха а. Тхо а, Умхин т1аьхьенаш а, цигахь дехаш ду х1инца а.
Гелдаганахь ворх1 (7) шо а даьккхина, Дожа Гелдаганахь д1а а нисвина, шайн дай баьхначу метте – Шела (хьалха районни суьдан г1ишло лаьттина, х1инца Хьафизийн школа йолу меттиг) йухавеана Дуьрда-Шайх.
Илсхан-йуьртарчу Киши-Хьаьжин уллера мурд хилла ву иза. Дуккха а бу Шелахь цо бусалба дине а берзийна, нохчий а бина, эрсаной бу, аьлла, т1елаьцна нах. Церан т1аьхьенаш йолуш йу х1инца а Шелахь.
Гелдаганара Эсамби-1ела (Дуьрда-Шайхан йо1 хилла цаьргахь марехь) хьалха а волуш, йоккха тоба йеана хилла шайхана т1е, «хьайца тоба дайта» аьлла.
– Х1ан-х1а, со вац шу т1аьхьах1итта дезаш верг, Эвтарара «баккхий когаш берг» – Баматгири-Хьаьжа (1овда) ву, аьлла цо. Цул т1аьхьа ворх1 (7) шо даьлча, 1овдица тоба дина хилла цара. Лерича, 1830-1900 шераш хуьлу Дуьрда-Шайх ваьхна хан.
Делан некъа т1ехь къахьоьгуш, г1иллакхца, г1ийла лелла стаг ву иза. Вайгахь Дуьрда-Шайхан оба а, кхин а цхьацца х1уманаш йара хьалха. Дукха готта йолуш, суна г1одайуккъехь т1е а ца кхочура иза (со верстана а вац). И кхелхича, лийчош волчунна хиъна, цхьа дакъа а лоций, гайн меттана, йуккъе ч1епа т1улг а буьллий, важа дакъа т1ехула доьхкуш лелийний цо шен оба. «Векъа к1ант», «1аьржа к1ант» олий, ц1е йоккхуш хилла цуьнан. Басана 1аьржа а, дег1ана лекха а волуш хилла иза.
Дуьрда-Шайхан да Хьаммирза хилла. Цуьнан дай Абу, Ахьмад хилла, цаьршиннах хьалхара-т1аьхьара билгалваьлла вац. Дуьрда-Шайхан йиъ (4) йо1 хилла. Цхьаъ хьалхе кхелхина. Кхин цхьаъ Гелдаганахь марехь хилла, важа Шелахь хилла, цхьаъ Гермачигахь хилла.
Дуьрдин цхьаъ бен воцу ваша Дожа, къола деш а волуш, харцхьа лелаш стаг хилла. Тхо цуьнан т1аьхьенех ду. Дуьрдас дукха баьхна цуьнга «1ад1ахьара хьо, хьоьца цхьана тхов к1елахь 1а ца ваьхьа со, рицкъанах кхета ца ваьхьа». «Д1айаахь, наха а йууш хилча, хьуна х1унда ца мега иза?» –жоп луш хилла вукхо. И волчехь буьйса йоккхуш а ца хилла Дуьрдас.
Заг1ир бохуш волу, кхаьрга хьажа-х1отта вог1уш волу стаг волчехь буьйса йоккхуш хилла Дуьрда-Шайха. Заг1иран ваша хилла Идал ц1е йолуш. Иза а хилла Дуьрда-Шайха лелориш бозбуанчаллаш ду бохуш. Цкъа гомаш-буг1а а йоьжна, дечиг дан вахана хилла иза. Ц1а вог1уш, буг1а йохйелла, хит1е ма кхеччи, охьайижна, вордан т1ехь дечиг а долуш. Идал буг1ина дов деш хилла, боьха бага а лейеш, ира дечиг а 1уьттуш ца торруче. Буг1а меттах а ца йолуш, 1аш хилла. К1ад а велла, Идал охьахиъна. Буг1а меллаша хьала а г1аьттина, х1умма а ца хилча санна, ц1ехьа йолайелла. Цец а ваьлла, ц1а веана Идал. Шозлаг1чу дийнахь Дуьрда-Шайха Заг1ире аьлла: «Тхо селхана цхьана х1урда-кеманна накъосталла дехна дахана дара. Идала и боьха багайетташ, царна йукъахь суо муха 1а ца хууш 1аш вара со. Буг1ина коьртах куьг а хьаькхна, «д1айолалохьа, д1авигахь х1ара кхузара», аьлла, ц1а валавайтира ас. Идална хиъна, цо лелориш бозбуанчаллаш доций, цуьнгахь авлийаийн дакъа ца хилча, цунна хаа йиш йоцчехь ша варий а. Цул т1аьхьа Идал котамна а сара ца ластош, зингатна а новкъарло ца йеш, битаме веана хилла.
Киши-Хьаьже хоттуш хилла боху наха: «Хьан мурдаш Хьаьжин ц1ахь ламазаш деш бу ма олу, муьлш бу, дийцахь». Цо жоп луш хилла: «Дуьрда- Шайх». Йуха а, йуха а хаьттича а, изза олуш хилла цо. Хьаьжц1а боьлхучарна т1едуьллуш хилла, цигахь шайна и гой хьовсалаш, олий. Хаамаш бохьуш хилла, кхоалг1ачу мог1арехь, ворх1олг1а лаьтташ вара, олий. Т1аккха а, ца тешаш, йуха вахийтина, шайна тешаме ву аьлла хетарг. Цуо а изза аьлла. Т1аккха Мохьтуху Ибрах1им олуш волу стаг вахийтина, цо а иза бакъ дина: «Кхоалг1ачу мог1арехь, ворх1олг1а лаьтташ вара иза», аьлла. Шеларчу маьждигчуьра, рузбан дийнахь, нахаца цхьаьна мачаш т1е а йухий, араволуш а хилла Дуьрда-Шайх.
Тхан нана Эвтарара йара, 1овдин кертара. 1овдин йо1 Пет1амат, Яндыркехь марехь хилла йолу, цуьнан шича йара. Кест-кеста вайга йог1ий хуьлура иза.
Дуьрда-Шайхах лаьцна, цо аьлла, дина бохуш долу дийцарш шортта долуш ду. Дала мукълахь, т1ейог1учу заманчохь вай уьш зорбане дохур ду. Дала т1аьхье беркате йойла вайн.
СУЛЕЙМАНОВ Абубакар.
Суьрта т1ехь: Шелара Дуьрда-Шайхан ц1арах йолу Хьафизийн школа