Керлачу студин гӀоьнца аьтто хир бу лакхарчу тӀегӀанехь эфир дӀайахьа, гойтучу суьртан дикалла а лакхайаккха. Билгалдаккха догӀу, иза йеш искусственни интеллект а лелийна хилар.
Студи схьа а йоьллуш, «Отражение» программехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.
Дагадоуьйту, дӀадаханчу шарахь ВГТРК-н филиалашна йукъахь а, Нохчийн Республикехь а хьалхара инновацин графикин студи «Вайнах» ПТРК-хь схьайиллина хилар.
«Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан а, ВГТРК-н генеральни директоран Добродеев Борисан а гӀо-накъосталла бахьана долуш аьтто баьлла тхан хӀокху тӀехь. Тхан Ӏалашо — тхайга болу тешам Ӏалашбар а, телевиденин а, радион а декъехь болчу ледершна йукъахь хилар а йу», — аьлла «Вайнах» ПТРК-н директора Веселаева Рузанас.