«Тахана вайн махкана а къаьсттина де ду – вайн къоман баьччин, Лаккхарчу Коьртачу Буьйранчин, Россин Президентан Путин Владимиран вина де. Шен дахар вайн сийлахьчу махкаца доьзна, цуьнан кхузаманан историн дакъа а хилла дӀахӀоьттина стаг ву иза.
Владимиран Владимир – Даймехкан дуьхьа къахьегар шен декхар лерина ца Ӏаш, цунах коьрта Ӏалашо йина баьчча ву. Цуьнан политика Росси кхиорна а, чӀагӀйарна а, цуьнан культура, Ӏадаташ, синан мехаллаш ларйарна а лерина йу. Цо къахьегар бахьана долуш вайн мохк массо а агӀор кхуьуш бу», – йаздина Кадыров Рамзана.
Цо Нохчийчоьнна гӀо дар а билгалдаькхира Кадыров Рамзана.
«Нохчийн Республикехь тхо чӀогӀа реза ду Владимиран Владимирна, оха цкъа а диц дийр дац уггаре а халчу хенахь цо тхоьга кховдийна гӀоьналлин куьг. Цо доккха гӀолецира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас машар а, къепе а дӀахӀотторан Ӏалашонца дӀадолийначу гӀуллакх тӀехь», – элира цо.