Товбецан беттан 28-чу дийнахь дуьйна эсаран беттан 8-гӀа де тӀекхаччалц Гуьмсерчу Goodsky туьшахь парашютийн спортан мехала къийсадаларш дӀахьур ду: Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 73 шо кхачарна дуьненайукъара къийсадаларш а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина Россин Кубкан финал а.
Къийсадаларш вовшахтоьхна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо а, Путин Владимиран цӀарахчу Россин спецназан университето а, Россин парашютийн спортан федерацис а, Goodsky парашютийн туьшо а, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министерствос а.
Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцур ду спортан дуьненайукъарчу тӀегӀанан говзанчаша а, Россин а, Белорусин а, Казахстанан а дуьненайукъарчу къийсадаларийн чемпионаша а, толамхоша а.
Билгалдаккха догӀу, Россин Кубкан финал Нохчийн Республикехь рогӀера 5-гӀа дӀахьош хилар.
