Дуьненайукъара Хьалхара тIом болабала масех де хьалха, I9I4-чу шеран асаран (июнь) беттан 10-чу дийнахь нохчийн хазчу йуьртахь МахкатIехь ахархойн СаьIидан, Сайнин доьзалехь дуьнен тIе велира кIант. Цуьнан цIе Билал тиллира дас. Кхин диъ шо даьлча – Нохчийчохь Советан Iедал дIахIоттош, кхеран кхин цхьаъ доьзалхо а хилира – Iимран.
Шайн йуьртара школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIала веана Билал. Театральни гIуллакхашна герга гIерташ хилла кIант. Иза I929-чу шарахь исбаьхьаллин самодеятельностана йукъавахана. Дукха хан йалале Соьлжа-ГIалин «Пролетбат» клубан исбаьхьаллин самодеятельностана куьйгалла дан хIоттийна кIант, ткъа I93I-чу шарахь театральни студи схьайиллича, цига деша воьду Б. Саидов. И студи чекхйаьккхинчул тIаьхьа Билал Тбилиси-гIала Руставели Шотан цIарахчу театран-студин режиссеран отделени деша вохуьйту. Кхузахь волуш I934-чу шарахь йазйо цо шен дуьххьарлера произведенеш. Уьш, хIетахь зорбане ца йелла цо. I937-чу шарахь Билалин дешнашца «Марем» цIе йолу йиш дIалекхна Нохч-ГIалгIайн радиокомитетан зударийн тобано. Иза хилла цуьнан дуьххьарлера халкъа йуккъе йаьлла произведени.
I936-чу шарахь Тбилисера театральни студи чекхйаьккхича, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь болх бо Билалас актер а, режиссеран гIоьнча а, цул тIаьхьа режиссер а волуш.
Нохчийн литературин бухбиллархочуьнца Бадуев СаьIидца доттагIаллин а, кхоллараллин а уьйраш хилла Саидов Билалин. Цуьнан тIеIаткъамца драматургехь болх бан волавелла иза. Йуьхьанца оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а драматургин пьесаш нохчийн матте йоху Билалас. Уьш боккхачу кхиамца хIиттийна Нохч-ГIалгIайн драмин театро.
Саидов Билалин дуьххьарлера произведени «Зайнап» цIе йолу исторически драма йу. XIX-чу бIешарахь нохчийн халкъо шен паргIатонехьа латтийна къийсам гойтуш йолчу оцу драмин боккха кхиам хилира. Республикехь I939-чу шарахь дIайаьхьначу конкурсехь шолгIа преми йелла цунна. Къоначу драматурган дика кхиам бара иза. Оццу шарахь СССР-н йаздархойн Cоюзе дIаийцира Саидов Билал.
Даймехкан Сийлахь-боккха тIом болчу хенахь, I94I–I942-чуй шерашкахь Саидов Билал эскарехь хилла, цул тIаьхьа Гуьмсехь арадолучу «ЦIен байракх» («Красное знамя») газетан жоьпаллин секретаран болх бина цо. Оцу буьрсачу муьрехь кIорггера патриотически стихаш йазйина цо. «ДIахоалда хьуна», «КIанте», «ТIемалочуьнга», «Советски эскар», кхечу а стихотворенешкахь вайна го Даймохк мостагIчух ларбан гIевттинчу тIемалойн майра дог-ойла.
Вайнах махках баьхначу хенахь (I944–I957-гIий шераш) нохчийн йозанан корматаллаш йолу нах дукхахьолахь шайн говзаллица балха ца бахийтина. Уьш тайп-тайпанчу меттигашкахь болх бан безаш хилла. Масала, Б. Саидовс йохк-эцарехула йолчу организацешкахь къахьийгира Киргизерчу Кешински кIоштан цхьана йуьртахь…
Вайнах Даймахка цIабирзинчул тIаьхьа, Б. Саидовс эвсара болх бо поэзехь, драматургехь. Иштта цо дакъалоцу I957-чу шарахь республикин тайнигийн театрехь къоман труппа вовшахтухуш, цуьнан дуьххьарлера режиссер а хилла иза. I959–I964-чуй шерашкахь иза куьйгалхо вара Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкан драматически театран литературин декъан. Нохч-ГIалгIайн йаздархойн Союзан литфондан заведующи болх а бина цо. Театран сцени тIехь кхиамца хIиттийна цуьнан пьесаш а. Саидов Билалас йазйина I2 драматургически произведени.
Б. Саидовн поэтически произведенеш арайийлира «Къоначийн аьзнаш», «ДоттагIалла», «Октябран серлонехь» цIерш йолчу а, кхечу а йукъарчу поэтически гуларш тIехь, «Орга» альманаха тIехь, «Ленинан некъ» газета тIехь. Оьрсийн маттахь зорбатоьхна йукъарчу гуларш тIехь Москвахь, Ростовехь, Нальчикехь, Орджоникидзехь, Соьлжа-ГIалахь. Поэтан шен I5 гергга книгаш арайевлла.
Вина мохк, вина йурт хьоме йу хIора стагана а. Шен махках, шен халкъах, дайн ламастех дIахаьддарг ирсе ца хуьлу. Сирла ойла, синпаргIато луш йерг шен махкаца, адамашца мерза уьйраш хилар ду.
Жималлехь левзина
Хаза урамаш,
Къонахий хIиттина
Йуьртан майданаш
Ца тиги йицйала,
Валарх мел гена.
Иштта гойту Саидов Билала «Вина йурт» (МахкатIе!) цIе йолчу шен стихотворени тIехь йеххачу хенахь Даймахках къаьстина леллачу лирически турпалхочун дог-ойла.
Дуьненахь хуьлуш долчу дерриге гIуллакхашна ша жоьпаллехь хетта цунна. Цундела цуьнан ойла массанхьа а кхочу:
Декахьа, деган аз,
Цу стигал Iаьрчашкахь, –
Даржахьа, мерза аз,
Доллучу лаьтта тIехь,
Кхайкхахьа, майра аз,
Дуьненан халкъашка,
Машаран сирла аз,
Кхарстахьа дегнашка…
Берашна лерина произведенеш а йазйина Б. Саидовс. Дика тIеэцна кегийчу йешархоша стихашца йаздина туьйранаш «Майра Сулима», «Сулимин цIархо», кхийерш. Царна зорба тоьхна оьрсийн, гIалгIайн меттанашкахь а. Цо нохчийн матте йаьхна 50 сов йоккха а, жима а драматургин говзарш. Уьш кхиамца хIиттийна Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театро а, Республикин тайнигийн театро а. Царна йукъахь йу Ж-Б .Мольеран, К. Гольдонин, Ф.Г. Лоркин, А.Н. Островскийн, А.П. Чеховн, Ч. Айтматовн, И. Базоркинан, кхечеран пьесаш.
М.Ю. Лермонтовн «Вайн заманан турпал» цIе йолу романан «Бэла» цIе йолу дакъа а, цуьнан шийтта стихотворени а ненан матте йаьккхина цо.
– Алссам поэзин книгаш арахецна Саидов Билалас. Даймехкан аьхналла, беркате лаамаш, тешамечу доттагIаллин, цIеначу безаман уьйраш, поэтан деган йовхо хаало «Деган аз», «Ламанан шовда», «Лаам», «Деган иллеш», «Сан безам», «Хаьржинарш» цIерш йолчу поэтически книгашна йукъайахначу произведенешкахь, – чIагIдора Iилманчас-филолога I. Арсанукаевс.
– …Саидов Билалин поэзин коьрта тематика йара Даймохк, къонахалла, доттагIалла, безам. Цунна дика хаьара шен Даймахках къастар хIун ду. Сталинан репрессийн муьрехь цо ша лайнера ша винчу махках къастаро, цуьнга генара сатийсаро йахьаш йолу, шех иштта олуш йолу хала цамгар – ностальгия. Билал шен мехкан а, шен къоман а бакъволу кIант вара: гIиллакхе, оьзда, догцIена, дуьненан а, адамийн а хазалла йевзаш а, йезаш а, – аьлла йаздина халкъан поэта Арсанукаев Шайхис.
(О. Муцураевн «Мила ву мила» книги тIера).