Хьалха-Марта гӀалахь Физкультурин-спортан комплекс схьайиллина


Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра Кадыров Ахьмада.

Спортан объект «Спорт – дахаран кеп» федеральни проектан гурашкахь йина йу. Цигахь кхоьллина тоьлла хьелаш ду спортан тайп-тайпана кечамаш дӀабахьа. Иштта, регионан тӀегӀанан спортан мероприятеш дӀайахьайа аьтто а бу цигахь.

«Билгалдаккха лаьа, и проект Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан гӀоьнца а, тидамца а кхочушйина хилар. Цо къахьегар бахьана долуш, вайн регион кхуьуш схьайогӀуш йу», – аьлла Кадыров Ахьмада.

Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а министра декъалбира Хьалха-Мартан кӀоштан бахархой оцу мехалчу хиламца. Цо иштта, баркалла элира комплекс йечохь къа мел хьегначарна.