Беттанийн цӀераша а, тӀулгаша санна дуьйцу…


ДагадогӀий шуна, Дагаев Валида Мамакаев Мохьмадан «ТӀулгаша а дуьйцу» байта тӀехь даьккхина  дӀаолуш хиллачу иллин могӀанаш?  «Со лам чу вогӀура кху ширчу новкъа, некъаца тидам беш, тӀулгашка хьийжи.  Дай баьхна гӀирсаш а, хилларг а довзош, цу тӀулгийн тархаша шайн мотт а бийци.

Хьан бах хьо, сан Даймохк, йаханчу хенахь, йоза а хьайн доцуш, бӀарзбелла баьхна? Къийсамо аьгначу хьан тӀулган бешахь, гуш ду-кх йаздина сан дайшка кхаьчнарг»…

Оцу къонахаша йахь йолчу тӀаьхьенашна ойла йан дукха хӀума дитина шайн иллехь. Бакъду, йа дика илли а, йа дайн весет а йахь йолчу тӀаьхьенашна бен эшна дац цкъа а. Тахана, дуьненан рицкъане марзделла, сийлахь хилларш ахь лоьруш дуйла хиъча а, хьо нахана Ӏовдал хеталучу тӀе даьлла  гӀуллакх. Делахь-хӀета, яхь йолчу нахана эшахь а аьлла вайн дайша беттанашна техкинчу нохчийн цӀерех а, церан маьӀнех а дийца лаьа.

Стеган Ӏер-вахар Даймахкана генахь хилча мухалле а орамашка гӀерта дог-ойла. Махках ваьлларг дукха хьолахь маттах а волу.

«Беттанийн цӀераш вайн нохчийн маттахь йазйина тосур йацара ахь? Церан маьӀна хӀун ду?», – телефонехула  хоттуш берш а  нисло. СубхьаналлахӀ, мел хаза ю уьш! Валидан иллехь  тӀулгаша санна  вайн дайх а, вайн къоман водах а лаьцна дуьйцу-кх оцу  беттанийн цӀераша.

Шеран хьалхарчу (январь) беттан цӀе Кхолламан аьлла ю.   Шеран дахар 12 баттахь бен ца латтахь а, шеран а бу, дахаран санна, шен «кхоллам». Цундела аьлла хир ду оцу баттах кхолламан бутт. ШолгӀачу (февраль) баттах Чиллин бутт аьлла. Ӏаьнан муьрехь массарел буьрса, шийла, шело чӀагӀло бутт бу иза. Оьрсаша «Крещенские морозы» олу оцу баттахь йогӀучу шелонех. Мел буьрсачу Ӏаьнан а чаккхе нисйина Дала. ГӀайгӀанечу гуьйрено а, дехачу Ӏаьно а дижийна лаьттина Ӏалам самадолу. Дуьне а къагош, олхазарш лохкий, зезагаш, патарш даржош, ша йогӀий хоуьйтуш, йоьлуш, екаш схьакхочу бӀаьсте. Цундела аьлла шеран кхозлагӀчу (март) баттах Бекарг бутт. БӀаьстенан йовхонца латта дохделча, ирзошкахь а, хесаш тӀехь а белхаш дӀаболош хилла вайн наха.      Шен йолчо говр йа сту дӀабужий, ларош велахь ша цхьамма а, ларош ца хилча, белхеш беш а, оханаш деш кечдора латтанаш. Цундела аьлла шеран боьалгӀачу (апрель) баттах Оханан бутт.

Латта аьхна даьлча бен дӀадоьйла дац ялта. Оханна тӀаьххье кхочура хӀу дӀатасаран рагӀ.  Цунах а, (май) баттах, ХӀутосург бутт хилийта лиира царна. ДӀайийнарг кхиош верг АллахӀ ву. Ткъа адамна тӀехь ду и хӀу кхион  ша дан догӀург деш бахьанаш лелор. Иштта, хесахь къахьоьгуш хилла вайн наха. Хийлазза дийцина гехь бераш а долуш асарш деш лелллачу зударех лаьцна. ХӀутеснарг асар деш  кхиайо. Оцу баттах а (июнь) Асаран бутт бен олийла а дацара цара.

Ӏаьнна кечам бар леррина хилла вайн. Доьзал санна, даьхни а хилла Ӏаьнаха даккхархьама кечамаш бан безаш. Шайна сискалх а, кIалдан межиргах а кечйинчу ларчица йуьртах бовлура мангалхой. Мангалш тусий, цанаш хьоькхий, гурралц докъарийн холанаш, раьгIнаш дӀахӀиттайора цара. ХӀора а дикачу кӀантана Асаран баттана тӀаьххье богӀург Мангалан (июль) бутт  буйла хаьара.  ДӀадийна ялта хьокхуш белхаш беш хилла. Оцу балхана кечйинчу меттигах хьаьтта олуш хилла. Нохчийн халкъалахь мукъа лелачу стагах цундела олуш дисна ду «балхахь-хьаьттахь вац» алар а.     Оцу балхана леринчу баттах (август) Хьаьттан бутт аьлла.  И гӀуллакхаш дӀасалуьстуш Ӏашшехь хьалхуо, мангал биттинчу ирзошкахь а, басешкахь а, керла бецаш  йовлура. (Товбуц олу цкъа яьллачу меттахь шолгӀа а йолучу бецех).

Иштта, (сентябрь) баттах Товбецан бутт олу. Гуьйренан хьалхара бу Товбецан бутт. Аьхкенан йовхо дӀайолий, гӀаргӀулеш махках йовлуш, четарш а (зонтикаш), гӀовталш а самсайоху мур бу иза. Гуьйренан  денош  довха дагӀахь а, амма Ӏуьйре а, суьйре а  деана хааделла догӀа а доцуш,  бецашна, дитташна тӀе йис йуьллу.  Йис (иней) юьллучу (октябрь)  баттах Эсаран бутт хилира.

Ӏаьнна чубоьрзучу наха даа жижиг дакъош хилла.  Ялтех, докъарх токхечу аьхкено ен юсточу бежанах лахьана ден кхиош ду олуш хилла.  Ноябрь баттах Лахьанан бутт аьлла. Гуьйренан аьхналла чекхйолуш, шийла маӀаш Ӏуьттуш схьакхочу Ӏаьнан хьалхара бутт.   Эсаран а, лахьанан а беттанашкахь санна атта ца хуьлу хIокху батто йохьу шело  лан.  Ӏалам а, адам а чутоь. Товхана уллехь, цициго санна, йовха меттиг а, бовха кхача а хержа долало адам. Чохь йовха, арахь гӀорийна хуьлу оцу хенахь.    Хиш, шовданаш, некъаш  гӀорийначу (декабрь) баттах ГӀуран бутт аьлла.

Вайн дайша-наноша лаьттаца  къахьоьгуш, шайн доьзалш кхабарехь само еш, сагӀа дехар-м аьттехьа а доцуш, хьанал а, хаза а, мерза а баха хууш нах хилла хиларх лаьцна дуьйцу беттанийн нохчийн маттахь йолчу цӀераша. Хьаша веача, тахана вай санна,  луларчу супермаркет чу йа ларек чу ца хьовдуш, бун чу, божал чу хьовдуш хилла вайн наной.

Дера, беттанийн цӀераша а, тӀулгаша санна, ма дуьйцу вайн дайн хьуьнарех.

ДештIаьхье:

Вайн дайша лелош хилла беттанийн цIераш лохуш, толлуш, карлайохуш боккха болх бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца кхоьллинчу Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь нийсайаздарна тIехь терго латторан комиссин декъашхоша. Цара шина шарахь гергга цу декъехь болх бар бахьанехь вайна юха а йовза йолаелла вайн дайша рузманехь лелийна нохчийн беттанийн цIераш. Дала йоле дуьллийла цара хьегна къа!

 

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап,

 Россин  яздархойн Союзан а, Россин журналистийн союзан а декъашхо, Нохчийн Республикин «Даймохк» газетан культурин а, дешаран а отделан редактор