БЕХК БОЦЦУШЕХЬ


Эзар исс бIе вуьрхIитталгIачу шеран эсаран (октябрь) баттахь политикин карчам бина Iедале богIуш, дукха хаза хабарш дуьйцуш, миска адамаш говза Iехийра коммунисташа. Масала, нохчашка цара бехира: гIалгIазкхаша дIалецна латтанаш йухадерзор ду, герз леладойтур ду, бусалба динна маршо хир йу.

Цу хабарех Iехабеллачу нохчаша аьтто бира коммунистийн Iедалехь чIагIбала. Дукха адам хIаллакьхилира ЦIечу Эскаран могIаршка хIиттина, лакхахь дагардина диканаш халкъе кхочур ду моьттуш. Бакъду, йуьхьанца герз а леладойтура, пIерасканде мукъа а дуьтура вайнахана. Амма эзар исс бIе ткъе шолгIачу шарахь дуьйна дийцинарг а, дешдерг а галморзахлелха дуьйлира. Хийцира Iедало ша дIакхоьхьуш йолу политика.

Баккхий бахамаш болуш, хьолана букъбелла цкъа а ца хиллехь а, хIора кертахь масех котам, шурин тIадам луш йетт, хьаша-да веанчохь урс хьакха латтош уьстагI, масех Iахар а даима а хилла нохчийн. Ткъа чIагIдала доьллачу Советийн Iедало хIоа дуьтуш а ца хилла, кIолдан мижарг баккха шура йуьтуш а ца хилла, денна налогаш совйохуш. Сайри чохь хьаьжкIан буьртиг буьтуш а ца хилла. Керлачу Iедалан векалш дукха эвхьаза тIекхийда бевлла адамийн мискачу бахамна. Цундела резабоцурш а хилла. Амма жимма а аз айдина и реза ца хилар дIахьедан хIуттуш верг «халкъан мостагI» йа «кулак» ву олий, махках воккхуш хилла.

 

И харцонаш Нохчийчохь лелийна Iаш дацара Советийн Iедал.

Йоккхачу пачхьалкхан массо маьIIехь дара изза.

Iедалан векалшна гергахь иза «продразверстка» йа «диктатура продовольствия» йара. Миска адам чIана даларна саготта боцуш, дIакхоьхьура милицин белхахоша наха гулдина йалта, кхидолу сурсаташ.

Эзар исс бIе ткъе цхьаалгIачу шарахь Малхбузерчу Сибирехь къехойн дуьххьара гIаттам хилира «продразверсткина» дуьхьал. Луьра таIзарш деш, Iедале берзо гIертарх маслаIат ца хуьлуш, чувашаш, марийцаш, мордваш, гIезалой болчохь тIеттIа марсабуьйлуш, шорлуш лаьттара «продразверсткина» дуьхьал болу гIаттам.

Эххар а Кавказе кхечира. Гуьржий а, эрмалой а дуьхьалбевлира, йалта дIа ца луш. ТIаккха нохчий дуьхьалбевлира, цхьана а Iедална йалта кхин лур дац шаьш, и тайпа харцо кхидIа ца ловш, летта дала реза ду шаьш, аьлла.

Мискачу адаман карзахдаларх пайдаэца гIоьртира Гоцинский Нажмудди а, имам Шемилан кIентан кIант Сайд-Бей а.

Нохчийчохь а, Дагестанехь а цхьабосса гIаьттинчу халкъана хьалхаваьлла, тIамна кечвелира Iедалан урх шайн каралаца сакIамделла хьийза и шиъ, Россехь хIоьттинчу мацаллех, адамийн гIаттамах пайдаэцна, Дагестанехь имамат карлайаккха Iалашо йолуш, кийтарлонаш лелош.

Амма НКВД-н эскарша хьаьшна дIабаьккхира цкъа хьалха Малхбузерчу Сибиран къехойн, тIаккха Гуьржийчохь а, Эрмалойчохь а хилла гIаттам. Имам Шемилан кIентан кIант Сайд-Бей ведда Хонкара дIавахара, ткъа Гоцинский Нажмудди герзах йоьттина йолчу шен тобанца нохчийн лаьмнашкахь къайлавелира.

Нохчийн къомана цунах баьлла «пайда» иштта бара: нохчийн йалхитта йуьрта авиатохарш дира. БIе цхьаъ йуьрта йаккхий тоьпаш йиттира. Маьршачу бахархойн бIе ткъа хIусам йохийра. Кхо бIе стаг чувоьллира. Иттанашкахь маьрша нах хIаллакбира.

БIешерийн кIоргенера къомо, йоIбIаьрг санна, лардеш схьадеанчу бусалба динна тIе Iедал кхийдар, дуьйцийла йоцуш, Iаламат новкъа дара къаношна. И халонга дуьйлура зударшна а, кхеттал долчу берашна а. Маьждигаш дIакъовлар, Iелимнах чубохкар, зударий эвхьазбаха гечонаш лехар хийра дара бIешерашкахь Дела цхьаъ веш, Элча бакъ веш, устазаш къобалбеш баьхначу нохчашна.

ХIора йуьртахь колхозаш йахкар Iедало йуьхьарлацар къобалдеш дацара халкъо. Къоман гIиллакхашна кегийрхой дуьхьалбаха йолчу Iалашонца, денна дIахьош «кхетош-кхиоран» болх бара, къомана хийра йолу коммунистийн идеологи цIийх, тIамарх йолийта гIерташ. Динан тIеIаткъам кхиазхошна ца хилийта, хьуьжарш дIайаьхнера. Церан метта массо а маьIIехь йохкуш ликбезаш йара. Жигара схьайоьллуш йара клубаш. Кавказхойн шатайпаналла хьаьшна дIайоккхуш йара.

И харцонаш Нохчийчохь хилла Iаш йацара. ГIебартахь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь йара.

Эзар исс бIе ткъе иссалгIачу шеран товбецан (сентябрь) баттахь кхин цхьа гIаттам хилира Нохчийчохь.

Цуьнан цIе йаьржира Шелахь, МартантIехь, ГаланчIожехь, ЧIебарлахь, Шарахь, Дагестанехь.

Чекхдаьллачу ткъолгIачу бIешеран ткъолгIачуй, ткъе итталгIачуй шерашкахь нохчийн къоман векалша орцадохучу муьрехь, уьш берриге а халкъан мостагIий лерина, хIаллакбира.

Иштта къиза хьаьшначарах бу эзар исс бIе ткъе иссалгIачу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дIаболийна гIаттам а.

Эзар исс бIе ткъе итталгIачу шеран бекарг (март) баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман округан эскаран цхьадолу дакъош Нохчийчу даьхкира, гIаттамхой хIаллакбан. Шелахь, Цоцин-Эвлахь, ГIойтIахь авиатохарша хIаллакдира бехк-гуьнахь доцу дукха адам. Делахь а, эзар исс бIе ткъе шийтталгIачу шарахь чекхделира дуьхь-дуьхьал латтар.

Нохчий дика бевзачу Гикало Николайс дукха къахьегна машарца дов дIадерзо лууш. Цунах доккха беркат даьлла, дуккха а адам маьрша дитина.

Оьрсийн паччахьан Iедалца къийсам латтийна Кавказера дукха обаргаш, Советийн Iедалх тешна, цIа бирзина хилла.

ТкъолгIачу бIешеран ткъолгIачу шерийн чаккхенехь Нохчийчохь Iаьткъина йамартло бахьанехь, цхьамогIа обаргаш хьаннашка йухабирзина. Къизачу Iедалан харцо йу уьш оцу новкъа баьхнарг, дуьненан марзонах, кхерчах, верасех хадийнарг.

ЧIагIдала доьллачу Советийн Iедалан векалша тIедожийнера нохчашна герз охьадиллар, дихкинера ламаз-мархица хилар. Магош дацара Дела цхьаъ вар, Элча бакъ вар, устазаш къобалбар.

И таIзарш нохчашна тIехь дIахьош хиллачу Къилбаседа Кавказан тIеман округан хьаькаман заместитель хиллачу Урицкий Семена Сталин Иосифе ша динчу цхьана дIахьедарехь тидам тIебохуьйтур бу меттигерчу Iедалан векалша Нохчийчохь мискачу адамашна тIехь дукха харцонаш лелийна хиларна. Амма Сталина тергал ца до шега Урицкийс арз даран кепехь йаздина дIахьедар.

Цкъа мацах керстанийн молла хила воьллачу, тIаккха семинарера дешар дIатесна волчу Сталинна ца тов нохчий бусалба динна чубоьлла хилар. Цкъа шена ца тайна хIума, массо а диктаторийн санна, дицдеш Iедал дацара Иосифан. Цунна нийса ца хетара шел дукха нохчашна Дела везар. МаслаIат деш дерзийна дов марса ца далийта, жимма хан йалийтинехь а, дицделла ца хиллера йовсарна, нохчаша буьрса кхихкинчу тIамехь нуьцкъала амал гайтар а, нохчийн бусалба динна муьтIахь хилар а.

Эзар исс бIе ткъе вуьрхIитталгIачу шеран мангалан (июль) беттан ткъе цхьайтталгIачу дийнахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н лаьтта тIехь цхьана буса ву аьлла волу вейтта эзар стаг дIалахьийра НКВД-н оперативни белхахоша. Набахтеш хьалайуьзначул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу Сталинан цIарах йолчу «Грознефть» цхьаьнакхетараллин клуба чу боьхкинера бехк боцуш схьалецна нах. Массо а кIоштара КПЗ-ш хьалайуьзна йара. Царна йукъахь алссам бара Iелимнах.

Вайнах бусалба динах дIахадо йолчу Iалашонца дIайаьхьна операци йара иза. Цхьаболчарна тоьпаш туьйхира, вуьш, чохь йаккха ткъех шаре хьалакхочуш хенаш тухуш, Сибрех хьовсийра.

КIезиг бу царах цIа бирзинарш.

Набахтешкара къиза хьелаш массаьрга ца лалора. Махкалла дора. Кхин хIумма а ца хилча а, чубоьхкинчу нахана йетташ бина ницкъ тоьар бара, церан могушалла галйаккха. Амма оцу тIехь а дIа ца дирзира нохчашкахь латтийна Iазап.

Эзар исс бIе ткъе вуьрхIитталгIачу шеран товбецан (сентябрь) баттахь «Правда» газетехь йоккха статья араелира «Нохч-ГIалгIайн АССРера националистийн-буржуазин бен» хIаллакбаре кхойкхуш. Статьян автора йаздарехь, халкъан мостагIий бара кхузахь куьйгаллехь берш. Авторан шеко йацара уьш берриге а хIаллакбан безаш хиларх.

Йоккха гIовгIа йаржийначу оцу статьян лорах вайн махка веара Шкирятов Матвей. Эзар исс бIе вуьрхIитталгIачу шеран эсаран (октябрь) беттан ворхIалгIачуй, бархIалгIачуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу партин обкоман пленумехь дакъалоцуш хиллачу Шкирятовс дIакхайкхира, массо а нохчо а, гIалгIа а даржах мукъавуьтуш хилар.

НКВД-н хьаькам хиллачу Ежов Николайн заместитель вара иза. Шен сица, къинхетаман хьаса боцуш, къиза стаг вара. Цуьнан омрица чубоьхкира Нохч-ГIалгIайн АССР-н дерриге а тIегIанашкара куьйгалхой, уьш нохчий хилар бен кхин бахьана доцуш.

Куьйгалхошца цхьаьна чубоьхкира къоман интеллигенцин векалш а.

ТкъолгIачу бIешеран ткъолгIачу шарахь дуьйна, эзар исс бIе шовзткъалгIачу шаре кхаччалц, НКВД-с хIаллакбинчу нохчийн а, гIалгIайн а барам ши бIе эзар сов бу.

Шкирятов Матвейн дIадолорца, № 00447 йолу буьйр кхочушдеш, эзар исс бIе ткъе вуьрхIитталгIачу шеран гурахь чубохка болийна бехк боцу нах чубухкуш бара эзар исс бIе ткъе берхIитталгIачу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь а тIехь.

Царна йукъахь вара Нохч-ГIалгIайн АССР-н Правительствон Председатель А.Горчханов, цуьнан заместитель А.Саламов, партин обкоман шолгIа секретарь Вахаев Хаси, обкоман отделан куьйгалхо Мамакаев Мохьмад, латталелорна Iуналла деш хилла нарком А.Мальсагов, могушалла Iалашйаран нарком С.Казалиев, Нохч-ГIалгIайн АССР-н прокурор Хь.Мехтиев, промышленностан нарком К.Ужахов, финансийн нарком Г.Гойгов, дешаран нарком Х.Окуев, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу суьдан суьдхо Х.Ханиев, «Ленинан некъ» газетан жоьпаллин редактор Арсанукаев Халид, Йаздархойн Союзан председатель Бадуев СаьIид, радиокомитетан куьйгалхо Айсханов Шамсудди, иштта дуккха а кхиберш а.

Советийн Iедалан бIаьхой хилла чекхбевлла нах бара уьш. Цаьргара даьлларг хууш стаг вацара.

Доцца аьлча, йоза-дешарх кхеташ мел хилла нах чубоьхкинера, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болалуш.

Амма иза данне а дац оцу буьрсачу тIамехь вайнаха дакъа ца лаьцна бохург.

ТIом дIаболабалале, республикера итт эзар сов стаг ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш вара. ТIом болабеллачу дийнахь шайн лаамехь вайн махкара кхин а кхойтта эзар стаг тIаме хIоьттира. Цул сов, эзар исс бIе шовзткъе цхьаалгIачу шеран хьаьттан (август) баттахь дуьйна вовшахтоха йолийра бIе йейтталгIа Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизи.

Луларчу къаьмнаша хала вовшахтухуш хилла дивизи тIейуза виъ эзар ах эзар стаг хилла оьшуш. Ткъа Нохч-ГIалгIайн АССР-ра вовшахкхеттарг йалх эзар сов стаг хилла.

Дивизин дуьххьарлера командир Моллаев Супьян хилла. Дивизин комиссар Гайрбеков Муслим хилла. Нохчийн кIентий буьрсачу тIаме дIахIитта кийча хилла. Амма дивизина барзакъца, герзаца, говрашца кхачо йан дезаш долу меттигера Iедал шайна тIедехкинчу декхаршца ларош ца хилла. Обкоман секретарь оцу муьрехь Иванов хилла, ткъа иза саготта ца хилла шена тIедехкина декхарш кхочушдан. Шена тIера бехк дIабоккхуш, Ивановс хаддаза Москва аьрзнаш деш хилла, вайнехан кегийрхой низам лардеш бац бохуш.

Эххар а, Ивановн аьрзнаш кIордадой, Москвара Берия Лаврентийс хаам бо Нохч-ГIалгIайн бIе йейтталгIа дошлойн дивизи тIеман ара йуьгуш ца хиларан хьокъехь.

Кхузахь билгалдаккха догIу, тIом болабелла кхо сахьт далале, Висаитов Мовлади шен эскадронца мостагIех леташ хилла хилар.

ЦIечу Эскаран векалех хьалхарчийн могIарехь тIеман совгIат динчеран капитан ву Мазаев Маташ.

Иштта, дера мостагIех леташ вара Нурадилов Ханпаша.

Москвана тIегIоьртина мостагI турпала йухатоьхначарна йукъахь Iедало дозаллица цIе йоккхуш бу вайн махкахой Цароев Iабдулла, Шоипов Хьасан, Идрисов Абу-Хьаьжа, Амаев Махьмуд, иштта дуккха а кхиберш.

МостагIчух летачу вайн махкахошна Iаламат новкъа дара нохчий, гIалгIай кхин тIаме бохкуьйтуш бац, царах тешам бац боху эладитанаш.

Цара йоккха гIовгIа йоккху.

Цул тIаьхьа Нохч- ГIалгIайн бIе йейтталгIа дошлойн дивизин буха тIехь вовшахтуху Нохч-ГIалгIайн ши бIе шовзткъе пхийтталгIа полк, командир Висаитов Мовлад а, полкан комиссар «Ленинан некъ» газетан редактор лаьттина Имадаев Мохьмад а волуш.

Эзар исс бIе шовзткъе шолгIачу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIалара арайаьлла и полк Дона-тIерачу-Ростован областерчу Сальск гIалин йистошца хиллачу луьрачу тIемашкахь, мостагI хIаллаквеш, турпала чекхйолу.

Вайн дошлойн доьналла, майралла, йахь а тидаме оьций, ЦIечу Эскаран куьйгалло тIеман уггаре а халачу меттигашкахь латтайо Нохч-ГIалгIайн ши бIе шовзткъе пхийтталгIа дошлойн полк. Дукха хьолахь, йухадовлучу советийн эскаршна некъ маьрша боккхуш, тIемаш беш хуьлу вайн махкахой. Хьерадевллачу жIаьлех тарбелла чугIертачу немцойн фашисташна йухадовлучу ЦIечу Эскаран дакъошна йукъахь Сталинградан йистошца буферни зил латтийна полко.

Полк хIаллакьхилла эзар исс бIе шовзткъе шолгIачу шеран хьаьттан (август) беттан доьалгIачу дийнахь Сталинградана тIебоьдучу аьчканекъан Чилеково цIе йолчу станцехь.

Майрачу дошлошна тIегIерташ вермахтан кхузткъе берхIитталгIа танкийн корпус хилла, гIо деш авиаци а йолуш. Нилхадовлуш дара нохчийн кIентийн могIарш. Амма уьш къар ца лора.

Буьрса тIом кхехкачу шолгIачу дийнан делкъал тIаьхьа цхьамма мохь туххуш «Йасин» деша долийра. Цул тIахьа кхечо, аз айдеш, ала долийра Девкар-Эвла йаккхарх долу турпалаллин илли. ЦIийзаш лелхачу йаккхийчу тоьпийн хIоьънийн гIовгIа хьулъеш, бIаьхоша тIаьхьара айдира нохчийн шира илли.

Йеза чов хилла, кхетамчуьра а волуш, воьжнера полкан комиссар Имадаев Мохьмад; цIий лешаш йара полкан командирана Висаитов Мовладина хилла йолу чевнаш.

Полкан толамца и луьра тIом дIабирзича, штабан хьаькам хиллачу капитана Емельяненкос динчу рапорто билгалдаккхарехь, Даймехкан сий лардеш буьрсачу тIамехь шина дийнахь турпала воьжнарг кхо бIе шовзткъе шиъ бIаьхо вара. Царах везткъе виъ гIалгIа вара. Бисинарш берриге а нохчий бара.

Чевнаш хилла Висаитов Мовлади госпитале дIавигира. Нохч-ГIалгIайчуьра кегийрхой салтбахар Берия Лаврентийн мотт-эшарца дихкина хиларна, дийна бисина бIаьхой ЦIечу эскаран тайп-тайпанчу дакъошка дIасакхиссира.

Нохчийн а, гIалгIайн а дукхах болу кIентий фашистех леташ бара, шайгара даккхий бIаьхаллин хьуьнарш гойтуш.

Эзар исс бIе шовзткъе шолгIачу шеран товбецан (сентябрь) беттан берхIитталгIачу дийнахь доьналлица кхелхинчу Нурадилов Ханпашина Советийн Союзан Турпалхо сийлахь цIе йелира эзар исс бIе шовзткъе кхоалгIачу шеран оханан (апрель) баттахь.

Магомед-Мирзоев Хаважина а, Дачиев Хан-Солтина а и сийлахь цIе йаларан хьокъехь долу Указ арадаьллера эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шеран кхолламан (январь) баттахь.

Иштта, Советийн Союзан Турпалхо вара Бейбулатов Ирбахайн.

Амма, церан бIаьхаллин хьуьнарш тидаме ца ийцира эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шеран кхолламан (январь) беттан ткъе цхьайтталгIачу дийнахь вайнах махкахбаха сацам тIеэцначу Кремлерчу хьаькамаша.

Пачхьалкхан Оборонин комитето тIеэцна сацам бу иза, дукха хенахь дуьйна вайнахана церг хьекхош хиллачу Берия Лаврентийна бехк боцу халкъ Iазапе лаца бакъо луш. Берияна, цуьнан хьадалчаш хиллачу Серовна, Кобуловна, Кругловна, ишта кхечарна шайн къизалла гайта меттиг йелира.

Цхьа бутт хьалха чудалийра эскарийн дакъош. Махках баха кечбинчу нохчашка а, гIалгIашка а кхабийтира уьш.

НКВД-н ткъоьсна эзар оперативни белхахо а, НКВДан, НКГБан, «СМЕРШан» бIе эзар эпсар а, салти а хиллера, кхехкаш лаьттачу тIамна йуккъера а ваьккхина, вайн махка валийна.

Эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шеран чиллин (февраль) беттан ткъе цхьаалгIачу дийнахь Берия Лаврентийс НКВДехула №00193 йолу омра арахийцира «Чечевица» цIе йолу операци эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шеран чиллин (февраль) беттан ткъе кхоалгIачу дийнахь дIайолош хиларан хьокъехь.

Къизаллица цIевзина йеанчу шийлачу Iуьйранна, сатасале, меттара гIиттош, машенаш тIебаха болийра вайнах.

Цхьаннах а къинхетам ца бира. Дерриг къам, аганара бераш а тIехь, «халкъан мостагIий» лерина, Казахстане, Йуккъерчу Ази дIахьажийра.

Халкъана, махкана доьхна деанчу дийнахь дуьхьало йан гIоьртина ворхI бIе везткъа стаг, герз тоьхна, вожийна НКВД-н белхахоша, ши эзар йалхитта стаг чувоьллина, висина виъ бIе везткъе кхойтта эзар ши бIе кхузткъе исс стаг бIе йезткъа шалона тIехь малхбалехьа дIахьажийна. ХIора шалонна йукъайогIуш кхузткъе пхиъ вагон хилла. Оцу шийлачу новкъахь, кхелхина, цIерпошта тIера охьаваьккхинарг маса стаг ву, хууш а дац.

Билггал Хьайбахахь вагийнарг маса ву а, вайна ца хаьа.

Хьалха-МартантIерчу больницин кертахь хIаллакьхилларг маса ву хууш, стаг а вац.

Шина кIирнах дIайаьхьна вайн махкахь «Чечевица» цIе йолу операци. Берия Лаврентийс эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шеран чиллин (февраль) беттан ткъе иссалгIачу дийнахь дозаллица телеграмма йахьийтина Сталине Москва, вайнах кхиамца махках баьхна ша валаран хьокъехь.

Делахь а, лаьмнашкахь, хьаннашкахь бисинчу обаргаша кхин а цхьана кIирнах луьра тIом латтийра НКВД-н белхалошца.

Эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шеран бекарг беттан ворхIалгIачу дийнахь араделира Нохч-ГIалгIайчоь дIайаккхаран хьокъехь долу Указ. Вайнехан латтанех шерет дира, лулахошна дIасадоькъуш, бухайисинчу коржамна Грозненски область аьлла цIе тиллира.

Соьлжа-ГIалара дIавоьдуш БуритIехь сецна хиллера Берия Лаврентий.

Ша бахьанехь Буру-ГIалин коьртачу майдана гулделлачу адамашна хьалха цхьа куро цигаьркин кIур баьккхина, догучу томкин чим, массарна гойтуш, шен куьйга керайуккъе божийна, тIаккха цунна «хIуп» аьлла хиллера цо.

«Ас «хIуп» аьлла дIакхоьссина чим йуха схьагуллур барий вайга?», – хаьттина хиллера цо майдана гулбеллачаьрга, – иштта кхин бIаьрга гур йац нохчашна а, гIалгIашна а Кавказ».

Амма Хастам хиларан, АллахI-Делан комаьрша къинхетам шорта бу. Адамийн рицкъанаш а Цуьнан карахь ду.

Дера, кхойтта шарахь хало, гIело, шело, мацалла, харцо, йамартло ма лайра вайнаха хийрачу махкахь. Делахь а цара йахь дIа ца йелира, Делан диканах дог а ца диллира.

Вайнаха массо а ламазехь доьхура дай баьхна латта. Дала церан доIийна жоп а делира. Сталин а велира. Берия а бекхам боцуш ца висира. Хьаькамаш хийцабаларо беркате хIуо деара вайнехан Iедалца йолчу йукъаметтиге а.

Эзар исс бIе шовзткъе йалхитталгIачу шеран эсаран (октябрь) баттахь хиллачу КПСС-н ткъолгIачу съездехь Iораехира Сталинан гуоно къинхетамза лелийна къизаллаш, харцонаш, бехк боцчу адамашкахь латтийна таIзарш.

Сталинан доккхачу гIалатех цхьаъ лерира дийнна халкъаш шайн мехкашкара арадахар.

Эзар исс бIе шовзткъе йалхитталгIачу шеран лахьанан (ноябрь) беттан ткъе доьалгIачу дийнахь зорбане белира СССР-н Правительствон «Кхарачойн, гIалмакхойн, нохчийн, гIалгIайн къаьмнийн автономеш йухаметтахIитторан хьокъехь» болу сацам.

Оццу шеран гIуран беттан ткъолгIачу дийнахь вайнах цIа берзоран некъаш билгалдаха комисси вовшахтуьйхира Кремлехь.

Цуьнан председатель вара Микоян Анастас. Комиссин декъашхой бара Маленков, Ворошилов, Сабуров, Первухин, иштта кхиберш.

Шина кIирнах къахьегна, йоццачу хенахь церан аьтто белира вайнахана цIа берза бакъо луш долу Указ эзар исс бIе шовзткъе вуьрхIитталчу шеран кхолламан (январь) беттан иссалгIачу дийнахь зорбане даккха.

Массарна мерза кхаъ хилла дIахIоьттира кхойтта шарахь вайнаха сатийсина и Указ.

Адамаша вовшашка кхаьънаш дохура, хазахетар совдаьлла боьлхурш бара, самукъадаьлла ловзарш деш берш кIезиг бацара. Кхойтта шарахь хьегарца, Даймахках хьирчина вайнехан ойла, и ховха сатийсам кхочушхила гергабахана, тIома йаьллера.

Дуьненан дерриге а диканаш шайга кховдорах, цара хуьйцур боцчу Даймахка цIа берза бакъо йаьллера вайнахана.

Иза Iаламат боккха Делан къинхетам бара.

Эзар исс бIе шовзткъе вуьрхIитталчу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь, вайнах балош Соьлжа-ГIала схьакхечира цIерпошт.

Адамийн йаххьаш ирсах йуьзна, серлаевлла йара, хазахетар совдаьлла, бIаьрхиш цаьрга сеца ца лора. Веза-Воккхачу Дала доIина жоп делла дай баьхначу лаьтта тIе кхачийнера уьш, бевза-безачийн могIарш дикка нилха девллехь а.

Нана-Нохчийчоьно, патар даьттIачу баьллийн зазанца йелакъежна, тIелецира шен бераш. Шира йарташ мелла а беркъа йевллера. Амма, бутт батте балале, азаллехь дуьйна къахьега Iеминчу адамаша сихха меттайалийра шайн хьоме йарташ, беркатечу дахаран зевнечу аьзнех хьалайузуш.

Дерриге а нохчийн къоман оьмарехь керла мур дIаболабелира эзар исс бIе шовзткъе вуьрхIитталчу шеран йекхна йеанчу бIаьстенан йуьххьехь.

 

ГАЗИЕВА Аза

 

Материал зорбанна кечйина журналиста Ю. Яралиевс.

ХIара статья дуьххьара зорбане йелира ши эзар вуьрх1итталг1ачу шеран кхолламан беттан итталгIачу дийнахь, республикин йукъараллин политикин «Даймохк» газета тIехь.