Танкистан де дагалоцуш


Танкистан де дагалоцуш.

ГСВГ-н Нохчийн Республикехула йолу юкъараллин организацис (куьйгалхо Кавраев Муса) дуккха а белхаш д1ахьо бахархошна, къаьсттина а т1екхуьуш йолу къона т1аьхье патриотически дог-ойланехь кхетош-кхиорна т1ехьажийна. Къаьсттина а мехала лору организацин декъашхоша деза деношна лерина шайн ницкъ кхочу мероприятеш вовшахтохар. Уьш церан нис а ло. Сентябрь беттан шолг1а к1иран дийнахь билгалдоккхуш дара танкистан Де.

И де билгалдаккхарна юьстаха ца 1ийра ГСВГ-н декъашхой а.1алхан-Юьртара культуран Ц1ийнехь д1аяьхьира цара даздаран мероприяти. Цхьаьнакхетаре дакъалаца баьхкинчу хьешашна юкъахь вара Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехула юьззина бакъонаш йолу векалан г1оьнча Нанаев Адам, ЧРОО «НРА» куьйгалхочун заместитель Кадочникова Светлана Ивановна, «Диалог» юкъараллин организацин куьйгалхо Аюбова Лайлаъ, юкъараллин векалш.

Цхьаьнакхетар схьдоьллуш Кавраев Мусас дийцира вовшахкхетаран 1алашонах лаьцна. Дуккха а масалш далош билгалдаьккхира вайн махкахь дуккха а деза денош хилар, церан мог1арехь хьакъ йоллу меттиг д1алоцуш танкистан Де а хилар.

-Танкистан де х1оттийна 80 шо кхаьчна х1окху деношкахь, -элира Кавраевс. — Иза Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь Советски танкисташа гайтина майралла, стогалла билгалдоккхуш х1оттийна де ду. Танкистан де Россехь тахана а доккха маь1на лоруш билгалдоккхуш а ду. Оцу дийнахь довха дешнаш олуш базбо къаьсттина а танкисташ-ветеранаш. Оцу декъехь бу вайн организацера ветеранаш а. Танкистан денца аса даггара декъал до шу. Ондда могашалла йолуш, доьзалшкахь ийман-беркат долуш дуккха а шерашкахь дехийла шу.

Дезчу денна лерина вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь иштта чулацаме къамелаш дира Кадочкина Светланас, Аюбова Лайлаа, организацин векалша. Цхьаьнакхетар дерзош гулбеллачеран концертни программица самукъадаьккхира самодеятельни иллиалархоша. Царна юкъахь вара Нажин-Юьртара Кайпаев Турпал-1ела.

Кавраев Мусас, Аюбова Лайлаа медалашций, грамоташций совг1аташ дира мероприятехь дакъалоцуш хиллачу хьешашна.

 

Дибиров Сатухьаьжа,

ГСВГ-н. Нажин-Юьртан районехула отделенин куьйгалхо