2026-чу шеран бекарг беттан 4-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур ду Йерригроссин Къуръанан хьафизийн (зударшна йукъахь) шолгӀачу къовсаман жамӀаш дар. Иза вовшахтоьхна «Woman in Islam» проектан автора, куьйгалхочо Кадырова Хутмата.
Мехкан тайп-тайпанчу регионашкахь къасторан муьраш дӀабаьхьна. Нохчийн Республикин динан урхаллин комиссис билгалйаьккхина 20 дакъалацархо хир йу финалехь дакъалоцуш.
Бекарг беттан 4-чохь жюрис билгалбохур бу тоьлларш.
Вовшахтохархоша Сийлахьчу Къуръане ладогӀа луург кхойкху оцу мехалчу хиламе. Иза дӀахьур бу хӀокху адресца: Соьлжа-ГӀала, Эсамбаевн бульвар, 9, ТЮЗ.
Мероприяти 10 сахьт даьлча дӀайалалур йу.
ЛадогӀа лууш волчо хӀокху лоьмарца йазйан йеза: +7(963) 983-57-83.
