Нохчийчоьнан мехк-ден регионашкарчу векалша 1876 кост-дехар теллина г1уран-баттахь


The flag of Chechnya is a rectangle with sides in the ratio 2:3, the same ratio as the flag of the Russian Federation.

Россин тайп-тайпанчу регионашкахь бехачу нехан 1 876 кост-дехар теллина Россин регионашкахь а, федеральни округашкахь а йолчу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векалаллийн белхахоша.

Царах 1 421 кост-дехар кхиамца кхочушдина, 219 кост-дехаран хьокъехь кхетор дина, шайн балхаца догӀуш цахиларна, 22 дехар тӀе а ца эцна, ткъа 214 кост-дехарна тӀехь хьоьгуш къа ду.

И болх карарчу шеран гӀуран баттахь бина бу цара.

Белхан меттигаш нисйарца а, могашалла lалашйарца а, хӀусамашца доьзна кхачамбацарш дӀадахарца а доьзна хуьлу вайн республикин Мехк-Ден векалшка кхочу дехарш.

Билгалдаккха догӀу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векалша Россин субъекташца а, федеральни округашца а Нохчийчоьнан культурин, Ӏилманан-техникин, махлелоран-экономикин зӀенаш дӀатасаран а, кхиоран а дакъошкахь къахьоьгуш хилар.