Нохчийн Республикерчу хьехархочо толам баьккхина Йерригроссин къовсамехь.


Нохчийн Республикерчу хьехархочо толам баьккхина Йерригроссин къовсамехь. Цу хьокъехь хаам бина Соьлжа-ГӀалин мэрехь.

Марий Эл Республикин пачхьенехь дӀабаьхьна Йерригроссин «Россин могашаллин хьехархо – 2025» XVl-чу къовсаман тӀаьхьара мур. Цигахь дакъалаьцна Россин Федерацин 43 регионера 44 хьехархочо.

Финале йелира Нохчийчоьнан векал – Соьлжа-ГӀалин лоьмар 48 йолчу ишколан хьалхарчу классийн хьехархо Зандукаева Милана. Къовсаман жамӀашца цо толам баьккхина «Толам баккха доьналла хиларна» декъехь.