Марха дастаран денца доьзна бекарг беттан 19-гӏа а, 20-гӏа, 21-гӀа а денош мукъа хир ду Нохчийчохь.
«Бекарг беттан 19-гӏа а, 20-гӏа а, 21-гӏа а денош мукъа денош (дезденош) дӏакхайкхадо Нохчийн Республикехь», – аьлла ду указа тӏехь.
Мархийн бутт чекхболуш хиларна тӀе а тевжаш, и денош мукъа хилийтаран хьокъехь дехар динарг йу Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалла.
