Къанойн дезачу денна лерина
Октябрь беттан 1-чу дийнахь йукъаралло даздарца билгалдоккху шеран уггаре а ларамечух цхьаъ долу къанойн Дуьненайукъара Де. Оцу дийно вайна карладоху къаношца д1акхехьа езачу йукъаметтиган г1иллакхаш. Муьлххачу а къомехь товш, ца хилча ца долуш, вайн дегнашна оьшуш долчу дезчу ламастех цхьаъ ду воккха стаг ларар, цуьнан доладар, дог эцар. Къоначаргара уггаре а доккха совг1ат ду воккхачунна цаьргара г1иллакх, оьздангалла, ларам, хьо-со хилар.
Вайн къоман йукъаметтиг адамаллин гурашкахь латтош долу дакъа ду иза. Дик — вон листар, дагзаллашна йукъахь машар бар, къоначаьрна хьехам бар, нийса некъ гайтар, иштта кхин дуккха а йукъараллин дахарехь оьшуш долу низамаш шьш а лардеш, вайна уьш лардан некъ а гойтуш схьабог1у вайн къаной. Г1иллакх дохош волу жима стаг гича дог духу къаночун, дог йолу дахарх, уьш кхиийначу дех-ненах, заманах. Дуьненан дахаран зеделларг ша дерриге а шайгахь долуш нах бу къаной. Цундела хила деза вай церан дог хууш, церан лааме ладуг1уш, царна томехь болу некъ д1акхоьхьуш долу дахар. И Де даздарца билгалдоккхуш районан къаношца цхьаьнакхетар д1адаьхьира Нажин – Йуьртан пенсионни фондан клиентски службин белхалаша.
1аламат доггаха, ларамца, комаьрша шун х1оттийна, хазачу хьолехь т1еийцира клиентски службин белхалоша районан къаной. Церан дегнаш ойуш, царна товр долу къамелаш деш, хазачу дешнашца уьш декъал беш дешнаш элира шайн къамелашкахь коьртачу говзанчас-эксперта Сиева Наташас. Шен къамелехь цо элира:
— Вайн къаной — вайн йукъараллин дог ду. Ханна баккхий белахь а, церан дегнаш даима а къона хила лаьа къоначарна. Далла хастам бу шу тхан долчу. Дахаран зеделларг, хьекъал, доьналла алссам ду къаношкахь. Дала латтадойла шу тхуна. Тахана оха даггара декъал до шу. Могуш, маьрша вон ца гуш г1оза дахадойла шу Дала!
Иштта хаза, лараме, комаьрша хьошаллийца т1еийцира цара районан къаной. Мероприятехь дакъалоцуш бара «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, ГСВГ- ветеран Мацаев Висайха, хьуьнан бахаман белхало Хордаев Джабраил, «Халкъан дош» газетан белхалой Даудов Нажмудин, Инеркаев Яхьъя, клиентски службин белхалой.
Я. Инеркаев
