Кадырова Айманис дерзийна Новр-ГӀаларчу чӀогӀа цомгуш волчу вахархочун доьзална ахча гулдар


Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондан Президента Кадырова Айманис дерзийна Новр-ГӀаларчу чӀогӀа цомгуш волчу вахархочун доьзална ахча гулдар. Цу хьокъехь хаам бина «Хайра» гӀоьналлин организацин куьйгалхочо Ахмадов Минкаила.

 

Дукха хан йоццуш хьалха дӀадолийна дара царна ахча гулдар. «Хайра» гӀоьналлин организацехь билгалдаьккхина, оцу доьзалан верриге декъашхо бохург санна дарба а, гӀо а оьшуш хилар. Цул сов, Ӏер-дахаран хьелаш а дара церан ледара.

 

«Хьал чолхе а, сихха гӀо оьшуш а дара. Тахана, хазахетарца хаам бо ахча гулдар дерзийна хиларан хьокъехь. Оьшуш долу гӀо дина Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан нанас – Несин Айманис. И бахьана долуш доьзална оьшуш долу гӀо хир ду», – аьлла Ахмадов Минкаила.